ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроран жигаралла дуккха а лахъелла Оьрсийчохь


20-зза бохург санна лахъелла йогIу Оьрсийчохь террорхойн жигаралла тIаьхьарчу пхеа шерачохь аьлла, дIахьедина пачхьалкхан Кхерамзаллан Кхеташонан (СБ) урхалхочо Патрушев Николайс. "Терроран жигаралла 20-зза аьлча санна лахъелла Оьрсийчохь. Дахначу шарахь 9 терроран зулам дина пачхьалкхехь, 1 теракт а хилла", - аьлла "Российская газета" хьосте Патрушевс.

Терроран кхерам байбаларан бахьана лору Патрушевс, къайлахчу сервисаша а, ницкъаллийн структураша а самонца болх беш хиларца. Церан кадехиларца юхатоьхна пачхьалкхехь дан кечдина 36 терроран зулам, ишта 20 теракт а.

СБ-н урхалхочо билгалдаккхарехь, терроран тохарш лахделла го кхечу пачхьалкхашкахь а. Къаьсттина хаало Гергарчу Малхбалехь а, Юккъерчу Азехь а.

Ткъа Европерчу мехкашкахь мухIажирш совбовларца доьзна террорхойн жигаралла алсамъяьлла аьлла хета Патрушевна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG