ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхороевн хилла машенлелорхо дарбадан ГIалгIайчуьра араваьккхина


Белхороев ИбрехIим чохь хилла машен

Шейхан БатIал-Хьаьжин тIаьхьено ГIалгIайчуьра ара а ваьккхина, дарбадан дIавигийтина, Белхороев ИбрехIим вуьйш, лазийна висина цуьнан шофер Аушев Або. Церан вирдан векало дийцарехь, цуьнан къерамзалла ларъярхьама дехьаваьккхина иза.

Маршо Радионо хаамбира, меттигерчу Телеграм-каналан информацина тIе а тевжина, ГIалгIайчохь шейхан Белхороев БатIал-Хьаьжин кIентан кIант Белхороев ИбрехIим верах. Чевнаш йира иза дIасалелочу шоферна Аушев Абона.

Несарарчу Пионерская олучу урамехь шен машенчохь герз тоьхна вийра Белхороев. Болчу хаамашца, оцу сохьта кхелхинера ИбрехIим, ткъа цуьнан машенан урхалла дийриг чолхечу хьолехь дарбан цIийне кхачийра.

Белхороев ИбрехIима критика йора мехкан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекна. ГIадужу-баттахь ГIалгIайчоьно Нохчийчоьнца латтанаш хийцича, дуьхьалбевллачу протестхойн агIо лаьцнера цо.

Лоьрийн хаамашца, чолхечу хьолехь ву Аушев хIинца а, халла бен вист ца хуьлу, талламчашна хиллачух дуьйцучу хьолехь вац иза цкъачунна.

18 тоьпан хIоъ кхетта цуьнан дегIах, дийна висар а тамаш болуш аьлла БелхороевгIара.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG