ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоьзан Iомана уллехь тоьлла курорт кхуллуш ву Кадыров


Къоьзан Iам, Нохчийчоь.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:34 0:00
Линкана тIе

Нохчийчоьнан куьйгалхо Европехь хилла вац, амма тешна ву цигара садоIу меттигаш "Ведучи" а "Къоьзан Iам" а курортел а ледара ю бохучух.

2018-чу шарахь "Ведучи" схьайиллинчул тIаьхьа, Нохчийчохь сацам бира кхин цхьаъ а салазаш хоьхку курот кхолла еза аьлла. Иза хир ю Веданан кIоштахь Iуьллучу Коьзан Iомана гергахь, Дагестанан БотIлихан кIоштан дозанца, яздо Кавказ.Реалиино.

Керла курорт кестта схьайоьллур йолуш ю аьлла, хаам бира Instagram-чу шен агIонехь Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министран хьалхарчу когаметто Байсултанов Одеса.

"Иза Альпаш а бац, Скандинави я Канада яц! Иза Къоьзан Iам бу! Нохчийчоьнан а, Кавказан а, Оьрсийчоьнан а хазна, уггаре тIех хаза а, дагаюху а дуьненан маьӀиг!", - воккхавеш вара Къоьзан Iомах Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Ткъа "Къилбаседан Кавказан курорташ" акционерийн юкъараллан инарлин директорна Тимижев Хьасанна хетарехь, тIейогIучу хенахь цу шина курорте къийсам дIабахьалур бу уггаре а гIарабевллачу Фарнцин Альпашкарчу когсалазийн тарссашца а, курорташца а.

Дагалаьцначуьнца "Къоьзан Iам" курорт еш уггаре а хьалха тосур ду аьчкан муьшан некъаш. ШолгIачу тIегIанехь ницкъаш вовшахтухур бу кхечу Нохчийчуьрчу "Ведучи" курортца.

Нохчийчоьнан туризман министро Байтазиев Муслима динчу дIахьедарца, стохкалерачуьнца дуьстича, кхушарахь республике кхечу пачхьалкхашкара туристаш бахкар алсамдала дезаш ду 89%.

Терахьашца дог тешош ду иза, амма, ма дарра аьлча, вуьйцург ву махкал арахьара ван мегаш волу масийтта бIе турист.

Цхьаьна агIор керла курорт кхиаме хила мегаш ю. "Ведучи" курортца юьстича, Къоьзан Iам болчу кIоштахь шарахь ло Iуьллу 4-5 баттахь. Амма когсалазаш хохкучу говзанчашна оьшу некъаш дахка аьттонаш бац кхузахь. И курорт йогIур ю, коьртачу декъана, салазаш хахка Iама буьлалуш болчу спортхошна а, доьзалца садаIа Iалашо йолчу нахана а.

Къоьзан Iомара Ведучи эвла некъ билла лаам хазахетарца тIеэцна меттигерчу бахархоша. Цо гIо дийр ду юхаметтахIотта иттаннашна тесна лаьттачу эвланашна, болх лур бу, дукха бацахь а, ЧIеберлан а, Шаройн а, Итон-Кхаьллан а кIошташкарчу бахархошна.

Кхин цхьа гIоле хIума а ду Къоьзан Iам лаьмнашкахь хилар (хIордан тIегIанна 1869 метр лакхахь). Цу меттехь садоIуш хазахеташ бу республикера бахархой. Цигахь юхадIайоьллур йолуш ю хин кеманаш хохкучу Оьрсийчуьрчу спортхойн Олимпиадашна кечлон база.

Делахь а, Европерчу курорташна ур аттала геннара тера хила аьтто хир бу Нохчийчуьрчу курортийн бохург шеко йолуш хIума ду. Коьрта хало ю - юкъараллин ойланехь цу регионах лаьцна хетарг. Шен ойла йолу нах хьийзабар, бакъонашларъярхой лелхийна лелор а, лаьцна нах хьийзабар - иза ду Нохчийчоьнах лаьцна дешан маршо йолчу мехкашкарчу наха дуьйцург.

Кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчу нахана уггаре хьалха оьшург ду кхерамазалла хилар а, бехкаш дохуш стаг а воцуш дIасалела аьтто хилар а, кхин дерг а.

ДIоггара атта дац Оьрсийчуьрчу регионашкара садаIа бахка луучу нахаца доьзнарг а. Масала, Минералан Хиш кIоштарчу гIаланашкахь (Пятигорск, Ессентуки, Кисловодск) садаIа баьхкина нах, Соьлж-гIалаца барт а бина, леррина бIаьргтоха мехаза балош бу Нохчийчу.

Оцу тайпанчу нахана юкъатоха богIу гергарчеран кешнашна тIехIитта Нохчийчу богIу Соьлж-ГIалахь баьхна нах а.

Шеко йоцуш, болуш бу леррина Нохчийчохь садаIа богIу нах. Цара дог реза хиларца дуьйца шайна цу республикехь гиначух лаьцна. Амма 140 миллион Оьрсийчуьрчу бахархошна юкъахь и тайпа нах дIоггара дукха бац.

2018-чу шарахь Нохчийчу богIучу туристийн терахь алсамдаккха дезаш дара 120-150 эзар стагана. Дустуш аьлча, луларчу Гуьржийчу стохка баьхкинчу туристийн терахь ду 8,1 миллион стаг. Царах доьалгIа дакъа ду Оьрсийчьура бахархой.

Цу кепара, нисло, Нохчийчоь тIаьхьакхиа езаш хилар луларчу Гуьржийчоьнна, дуьненан тIегIанера Альпашкарчу (Франци, Итали, Австри, Швейцари) курорташца ша юста гIортале.

Вай тергалбо блогеро Абдурахманов Тумсос а, Кадыровн агIончаша а YouTube-хь гIитто къийсамаш. Оцу къийсамашкахь мила нисло бакълуьйш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG