ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн орцан министралло юхаэцна хьонка баккхарх шаьш бина бехкам


"ЦхьаьнадогIучу дозан тIехь хьонка баккха мегар дац" аьлла, дина шайн дIахьедар юхаэцна ГIалгIайчуьрчу орцан министралло. И дешнаш информаци юкъахь нисдалар гIалат ду аьлла цара. Сунжа кIоштарчу вахархочо "Кавказский узел" агенталле дийцарехь, урхаллан сайтехь динчу дIахьедарна юкъара дIадаьхна "цхьанадогIучу дозанах" лаьцна дешнаш, амма ГIалгIайчоьнан бахархошна дихкина ду Фортанган дехьарчу хийисте вала.

Агенталлан хаамашна тIе а тевжина, Маршо Радионо яздира кхааридийнахь, хьонка боккху хан тIекхачарца ГIалгIайчуьрчу орцан министралло хаам Iорабаккхарх, махкарчу бахархошна хьонка баккхар доьхкуш "доза цхьаьнадогIучу меттигехь".

Шинаридийнахь арахецначу хаам тIехь ишта тIедиллинера бахархошна, шаьш хьуьнчу боьлхучу заманчохь гергарчу орцанхойн тобане дIахаийтар маса стаг ву а, муьлхачу маршрутехь доьлху а. Документ тIехь яздина хиллера "хьонка боккхучу хенахь доьхку доза цхьаьнадогIучу территори тIе валар", аьлла

Нагахь хьуьнхахь тилахь, экстремалан ситуаци хIоттахь а бохуш, деш ду цу кепара дIахьедар аьллера хаам тIехь. Амма къастийна дацара, муьлха доза ду доьхкург.

Телеграм-каналерчу kavkaz_leakbez авторна хетарехь, Гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан территореш ю аьлла, билгалъяьхна меттигаш ю Iедалхоша юьйцурш, яздора "Кавказский узел" агенталло.

"ХIара ду-кх хIара, маьрша Къилбаседа-Кавказехь дIасалелар", - аьлла, комментари йитина Телеграм-каналехь агIо лелочо.

Оьрсийчоьнан Хьуьнан кодексо билгаладаьккхина ца хилча, орцан министраллан бакъо яц шегара бехкамаш бан аьлла меттигерчу юристо Хаутиев Багаудина.

Орцан министраллан пресс-гIуллакххочо шайн гIалат ду аьлла, тIелаьцна "цхьаьнадогIучу дозан тIехь хьонка баккха мегар дац" аьлла фраза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG