ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къизаллин хIоллам охьахаьрцина". Кхело чувоьллина ИК-7 колонин хилла хьаькам


Коссиев Сергей (аьрру агIор) кхелехь.
Коссиев Сергей (аьрру агIор) кхелехь.

Карелехь Сегежа гIаларчу кхелан суьдхочо Новосельцева Еленас, хетарехь, уггаре коьрта сацам бина шен карьерехь Дечкен-беттан 16-чу дийнахь. Цо набахтехь хан такха хбажийра цу республикерчу номер 7 йолчу колонин хилла хьаькам Коссиев Сергей, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Коссиевн цIе юкъара а хилла дIахIоьттина ИК-7 колонехь хан текхначу нахана а, дукхха а бакъонашларъярхошна а. Деа шарахь эха шарахь цу колонина куьйгалла деш Коссиев кхиъна Сегежерчу колонера Ходорковский Михаил аравоккхуш дакъалаца а, жигархочунна Дадин Ильдарна етташ дакъалаца а, цу колонехь латточу бусалба нахана тIехь къизаллаш лелош дакъалаца а, иттаннаш, нагахь уьш бIеннаш бацахь, чубоьхкинчу нахана ницкъ беш дакъалаца а.

Коссиевца цхьаьна колоне хьажийна цуьнан когаметта хилла Луист Анатолий а.

Дечкен-беттан 16-чу Iуьйранна уггаре хьалха кхелан кхеташонехь дакъалаца вена дIахIоьттинарг вара Луист. Шозза сигаьрка оза кхиийра иза ша кхелан хIусамана чувахале. "Хьайна биллина бехк тIелаца реза вуй хьо",- аьлла шега хаттар делча, цо доцца жоп делира, - "Вац". Цуьнан хилла хьаькам Коссиев тIулгах йина йолуш санна юьхь йина чекхвелира эчиг лохучу аппаратана, шега деллачу хаттаршна жоп а ца луш.

Кхелахочунна Новосельцева Еленина ши сахьт сов хан ийшира ша бина сацам дIабеша. И ерриг а хан Коссиевс яьккхира корта оллийна цIенкъа хьоьжуш. Наггахь корта ласта бора цо я хезначух цецволий, я реза ца хуьлий.

Суьдхочо "лаца кхелан чохь" дешнаш аларца кхелан неI еллаелла чувеара 4 полисхо.

"Куьйгаш схьалой ахь?" - кхелан сацам бешар юкъах ца даккха гIерташ шабар-шибарца хаьттира полисхочо Коссиевга. Суьдхочо кхин дIа дийшира: "Чувоьллина йоккху хан а, лаьцна латтор а долалур ду 2019-чу шеран Дечкен-беттан 16-чохь дуьйна".

Цу кепара, колонин хиллачу хьаькамах ша хилира тутмакх. Гергара масех бутт, кхелан сацам болх бан болабаллалц, Коссиевс а, Луиста а боккхур бу Сегежерчу талламан изоляторехь (СИЗО). Цул тIаьхьа и шиъ дIахьажор ву шаьшиъ санна чубоьхкина нах латточу Оьрсийчоьнан ТаIзарш кхочушдаран федералан сервисан колоне (гарехь, Свердловн кIошта я Коми республике).

Коссиев бехке вира "шен бакъонел тӀехваларна" а, "шен бакъонех пайда эцна зуламаш дарна а" 2017 шо чекхдолуш, юкъараллан жигархочо Дадин Ильдара шена Сегежерчу колонехь ницкъ бина хиларх лаьцна дIахьедина цхьа шо даьллачул тIаьхьа.

Талллам беш гучудаьлларг дара Коссиевс номер 7 йолчу колонехь чубоьхкинчу нахера миллионашкахь ахчанаш дохуш система кхоьллина хилар.

Кестта Коссиев кхин а гена ваьлла хиллера. Колонехь цхьацца сурсаташ арахеца гIуллакх доло дагахь масийтта миллион сом гулдина хиллера цо тутмакхашкара. Амма дагалаьцнарг кхочуш дан ца кхиийра колонин хьаькам.

Сегежера ИК-7

Коссиевна а, цуьнан когаметтана Луистна а дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра 2017-чу шарахь Лахьанан-баттахь. Таллам дIахьош гучудаьлларг дара и шиъ бехке хилар. Шаьш хьийзина нах дуьхьал хIиттош а, лебеш а цу шиммо даре дира шаьш и дерриг а лелийна хилар.

Iазап латторан кепех цхьаъ ю коьртах телатан тоьрмиг боьллина садукъош адам хьийзор.

Кхел доглазаме хиларе сатуьйсуш Коссиевн адвокаташа дехар динера шайн гIуллакх ша-тайпачу рожехь листахьара аьлла, далийна тоьшаллаш а ца толлуш, тешашка а, эшам хиллачу (вуьшта аьлча шаьш Iазап латтийначу) нахе хеттарш а ца деш, кхелехь таллам а ца беш.

Цу гIуллакхехула эшам хилла лоруш вара Петразаводскера а, Мурманскера а, Петарбухера а, Москохара а 8 стаг. Уьш реза хилира кхел ша-башхачу рожехь хилийта, Коссиев а, Луист а зуламаш дарна къера хиларна.

Колонин хьаькам хиллачу Коссиевн а, цуьнан аьтту агIорхьара куьг а хилла леллачу Луистан а кхоллам къаста безаш бара 2018-чу шеран ГIуран-беттан 10-чохь. Амма кхелан кхеташо яхйелира цхьана баттахь а сов.

Луист Анатолий

Дечкен-беттан 15-чохь прокуратуран векло кхеле дийхира бехкевечу шинна хIоранна а 4 шо колонехь даккха хан тохар.

Сегежерчу кхелан гIишло

И дешнаш хезча адвокаташа а, бехкебечера а лелийначо гайтира цу агIор гIуллакх доьрзур ду аьлла уьш хеташ ца хилар. Коссиевн адвокато Кулеш Игора корта схьалецира. Коссиев ша волччахь кхиссавала волавелира.

Коссиевс тIехь Iазап латтийна волчу, видео рожехь кхелан кхеташонехь дакъалоцучу Гогуа Лашас гIортор йира цунна баккъалла а набахтехь яккха хан тохарна. Луист шена баш вевзаш а вац элира цо.

Гогуас дийцарехь, Коссиевс ша хьакам волчу колонехь къизаллан раж хIоттийна хиллера. Цо цIоцIкъам айарца чубоьхкинчу наха телефон тухуш хиллера гергарчаьрга набахтан куьйгалхочо аьллачу барамехь ахча даийтар доьхуш. Колонехь хиллачарна массерна а хаьа хIун ойланаш хуьлу лайн, бохуш дийцира Гогуас.

Ша баккъалла а чу вуллур моьттуш ца хиллачух тера дара Коссиевна. Мухха далахь а, Дечкен-беттан 16-хь иза а, цуьнан хилла когаметта а кхел кхайкхочу кхеташоне веара, карахь тоьмиг а, я бедарш а йоцуш. Ткъа хIинца гуш ма хиллара, гIуллакх цу шинна ма моьтту ца дирзира.

Эххаре Коссиевна 2 шо ах шо, Луистана 3 шо (цунна кхин а бехке диллинарг дара кхаъ эцар а) могIарера раж йолчу колонехь даккха хан туьйхира кхело.

Кхайкхийна хан болх бан йолаяллалц хьоьжуш вита Коссиев а, Луист а дIавигира Сегежерчу ИК-7 колонина гергарчу номер 2 йолчу талламан изоляторе.

Коссиевна хан кхайкхийначул тIаьхьа цу колонехь тутмакх лаьттинчу Шамбир Василийс элира, Коссиевн фигура иза "къизаллийна хIоттийна хилла хIоллам бу охьахаьрцина болу" аьлла. "Иза дика масал хила деза адам хилар муха хуьлу дицдинчарна. Ткъа цу тайпана нах хIинца а дуккха а бисина", - элира Шамбира.

(Яцйина верси)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG