ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь "МаслаIатан тоба" вовшахтоьхна


Нохчийчуьрчу Юкъараллан Палатехь "МаслаIатан тоба" вовшахтоьхна. ПIераскандийнахь палатан куьйгалхо коьртехь волуш дийцарш дIадаьхьна оцу тобан декъашхоша. Шайн коьрта Iалашо лору маслаIатхоша, шина агIонна юкъахь иккхина дов кхеле а ца долуьйтуш, шаьш юкъа а хьоьвзина, дерзор.

Тобан декъашхой тешна бу, шайн белхан группа кхолларо юкъараллана боккха пайда бохьур бу, халкъана юкъахь лаьтта социалан гIоьртина хьал малдарца аьлла.

Иштта дегайовхо ю церан, Юкъараллан палатан куьйгалхочо дийцарехь, лаьттан, хIусаман, я социалан бахьанашца бахархошна юкъахь лелха конфликташ ерзорехь дакъалоцуш махкахь авторитете нах хиларо дика жамIаш гойтур ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG