ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тамаш бу-кх Нохчийчохь шу лехахь"


Михальченко Лидия. Кавказ.Реалии

Соьлжа-ГIаларчу автономин коммерцица йоьзна йоцчу "Зударий кхиамехьа" ("Женщины за развитие") организацехь "Сатийсар" ("Надежда") цIе а тиллина, кризисан центр схьайиллина. Церан Iалашо ю, дахарехь хала мур тIехIоьттинчу зударшна а, берашна а шайн кхерчахь йовхо яла.

Президентийн грантийн Фондо аьтто бина и проект юьхьаръерзош аьлла организацин куьйгалхочо Базаева Липхана.

Къинхьегаман а, дешаран, Iилманан а, могушаллин министраллийн а, берийн бакъонаш ларъечу омбудсменан а шайн таронашца комплексехь гIо латтор ду халачу хьолехь нисвеллачунна аьлла.

"Зударша хьоьгу бала аттачу баккхар а, психологин гIо а кхачийна, церан йоьхна-яьржина ойла юхаметтахIоттор а ю тхан коьрта Iалашо. Бакъду, тхан кхиам, аьтто а хир бу пачхьалкхан хьукматашца а, кхечу юкъараллийн организацешца а цхьана къахьегахь", - аьлла, дийцина Базаевас.

Шайга орца дехнарш психологан консультацех чекхбаха а, леринчу тренингашка, я доьзалан терапи кхайкха а тIелоцу цара.

Центран социалан белхахо декхаре хир ву, де эшна баьхкинарш балха хIитто хьовса а. Гуттар гIад дайначу хьолехь висинчунна хIусамаш кхачор ю "Сатийсар" цетро. Пхи зуда цхьана хIусам чу а таръеш, шайн доьзалшца хан яккха таро лур ю цара тховкIело оьшучарна.

"Сатийсам" центран хIусам
"Сатийсам" центран хIусам

Цхьана шерачохь 80 зудчунна гIо дан ницкъ тоьар бу шайн аьлла хета организацина.

Оьшучунна лачкъа хIусам елла лаам бара тхан юьхьанца

"Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте "Кхиамехьа зударий" организацин психолога Шидаева Марета дийцарехь, юьхьанца доьзалехь бен ницкъ ловчу зударшна лочкъийла елла дагахь хиллера тхо.

- Соьлжа-ГIалин юккъехь, Кольцовн урамехь лаьтта тхан гIишло. Атта ду цу чу ваха а, хIунда аьлча, хадархой бац цу бертехь лаьтташ. Шелтер (лочкъийла-ред) къайленехь елла езаш ю. Ткъа оха массаьрга а дийцина кхунах, тхайн координаташ а дIасаелла. Социалан а, финансийн а ира проблемаш йолчу нехан таро хир ю кхузахь дIатарбала. ЦIийндех бевддарш тIеоьцур бац оха.

Кхечу регионашкарчу зударшна лочкъийла хир ю кхузахь. Масала, Дагестанера цхьа жима зуда ю тхо долчахь шен дех-ненах едда еана. Оха боху цуьнга: "Тамаш бу-кх Нохчийчохь хьо лехахь". Ишта ойла а йина, тхайн хIусаме схьаялийна оха иза, цунна хIара цхьа шанс ю аьлла хеташ.

"Сатийсам" центран хIусам
"Сатийсам" центран хIусам

Кхи зуда ю -1,5 шо а, 5 шо а долчу берийн нана. Аьтто боьхна цуьнан: зудчунна тIе маре динера цо, цигахь йоI дуьненчу а яьккхина цо. ЦIийнден хьалхарчу доьзало тIе ца эцнера иза. Майрчух дIакъаста дийзира цуьнан.

Цхьа хан яьлча кхечуьнга маре яхана иза. Цигахь мардас эккхийна. ШолгIа яхначохь кIант вина цо. Шен нана йолчу гIойла а дац цуьнан, нана кхечу стеган цIартIехь хиларна.

Кхиъна девлла бераш ненан майрчун баьрчехь ца дуьту оха. Цкъачунна юкъарчу хIусамехь Iаш ю жима зуда, юучуьнца-молучуьнца оха гIо а латтош. Цунна шен берашца яха социалан хIусам нисъян хьийза тхо хIинца тхайн ма-хуьллу.

- Шуьга гIо доьхучу зударийн цIийндайн лаам буй доьзалан психотерапих чекхбовла? Нохчийн дукхахболчу божаршна, шаьш шайн ламасташца а догIуш, онда, къонахчун амалашкахь хила деза аьлла ма хета.

- Республикерчу берийн бакъонаш Iалашъян векал винчу, динан гонашкахь дика вевзачу Хирахматов Хьамзата гIо латтадо тхуна. Доьзалш вовшахтухучу комиссехь болх бина волчу цуьнан дуккха а зеделларг ду, медиацин программехь къахьегна ву иза.

Ишта меттиг а ма нисло: зуда дIакъаьстина шен майрчух цхьана заманчохь, амма дохкояьлла, юхаяха лууш. Оха толлу: цхьа пайда боццу бахьана хIоьттина хилла- те царна къаста, я "марнана юкъагIоьртина-те" олий. ТIаккха, нохчийн ламасташца а догIуш, церан барт бо оха. Тхан Iадатехь, маслаIат деш цхьаъ юкъахьовзуш Iедал ду.

Наггахь зудчун гергарнаш, къаьсттина божарий кхойкху оха медиаци ян. Шиннан барт бинчул тIаьхьа, оцу доьзална гIо оьшуш хиларх тешо хьовсу тхо церан нах. ХIуъа дай а, бераш ненех ма дахахьара олий, дехар до оха. И барт бар дешан маслаIатца нисло тхан, кехат тIехь куьйгъяздина, йина чIагIо йоцуш. Делахь а, тхан халкъалахь куьгъяздинчул а чIагIо йолуш хуьлу делла дош.

"Хьалххе елла езаш хиллера хIара хIусам"

Шидаевас бахарехь, хьаькамаша лакхара мах хадийна ца Iаш, могIарерчу бахархошна а Iаламат пайден хета "Сатийсаман" хIусам еллар.

- Тхайн хIсамаш чу оьшу гIирс оьцуш дара тхо базарахь. Хабаре девлла тхо йохкархочуьнца. Цо боху: "Хьалххе елла езаш яра ишта хIусам. Хаа дезара шуна, мел оьшу вайна цу кепара центр".

Механа охьа а ваьлла, шайна кхи а цхьаъ эшахь, телефон тоха элира цо. Лахарчу мехах лур ю ша аьлла.

- Тахана Нохчийчуьрчу зударшна хьалха лаьттачарех, къаьсттина ира проблемаш муьлхарниш ю?

- Уггар коьрта лорург-дуьненчу ваьлла доьзалхо унах цIена хилар. Дукха паталогеш ю юкъахь лелаш. Меттигерчу могушаллин министраллан ноналлан декъан куьйгалхочо Тарамова Лизас лерина терго йо оцу проблемин.

Наггахь нисло меттиг, доьзалхочух йолчу зудчунна лоьрех чекхъяла доьхкуш марзоша, ахча кхоадой. Бер кийрахь доллушехь дича дарба хуьлу лазарш а ма хуьлу цаьрца. Цундела могушаллин министраллан Iалашо ю доьзалхочух болчу зударшна лерина программа йоло, лоьрех чекхбовла церан аьтто бархьама.

Iер-дахаран хьелашца проблемаш а лаьтта. Церан амал бар доьху оха гIоьналлин фондашка. Цара аьтто бо хIусам тоеш, чу хи, я газ ялош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG