ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь ша бинчу балхах лаьцна дийцина Даудовс


Даудов Мохьмад.
Даудов Мохьмад.

Доза къастош латтанца боьзна белхаш бан безар бу Нохчийчоьнан а, Дагестанан а. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан парламентан гIантдас Даудов Мохьмада, ша луларчу республике вахаран жамIаш деш.

Даудовс дийцарехь, Дагестанан Iедалан векалшца цхьаьнакъахьега барт бина цо, шина республикан доза билгалдоккхуш болх беш. Цу балхана юкъаозийна хир бу республикийн а, муниципалитетийн а тIегIанера белхахой, дуьйцу Даудовс шен "ВКонтакте" йолчу агIонна тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG