ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн министр: "ХIай боьха хIума, хIун ду ахь яздинарг?"


 Умаров Джамбулат а, Кадыров Рамзан а
Умаров Джамбулат а, Кадыров Рамзан а

Филиппович Екатерина

Нахана гуш-хезаш бехказбийлийтар кхи дIа а дахьа деза аьлла Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата. Хьаькамна хетарехь, ЧГТРК "Грозный" телевизионан эфирашкахь кест-кеста "дохкобевлларш" гойтуш хилар кхачаме дац, цундела дика хир дара боху цо, Кадыров Рамзанна а, цуьнан бIан накъосташна а хьалха гечдар доьхучарна лерина рубрика схьайиллича телехьожийлехь. Цуьнца цхьана аьтто хир бара, интернетехь къайлах леларш Iора а баьхна, "кхеле" хIитто аьлла хета цунна.

"Нагахь хьо ишта бакъонца лелаш велахь, хIунда ю хьо боьха хIума?"

"Говорит Москва" радиостанцин эфирехь дахначу оршотдийнахь хиллачу къамелехь министрна Умаров Джамбулатна тайна кхечу IT-экспертан, Оьрсийчоьнан културан урхалхочун Мединский Владимиран позици.

Социалан машанахь цIехьулйина лелар кеста дуьтуьйтур долуш ду, паспорта тIера информаци язъян декхаре хир ву интернете волучу хIораннан а аьлла, чIагIо йина Мединскийс.

Умаров а тешна ву, документца бен дуьненаюкъарчу машане язвала таро цаяларо, аьтто бийр бара "боданера мукадехкаш", аьлча а, "социалан машанашкахь боьха хIумнаш яздийраш" карон аьлла.

"ХIай боьха хIума, хIун ду ахь яздинарг аьлла, цуьнгара жоп деха атта хир дара тIаккха. Айхьа маса къаьмнашна юкъа питана тесна кхетий хьо, цуьнга хатта", - аьлла радион эфирехь нохчийн даржхочо.

"Умные парни" радиопрограммехь Умаровс ишта билгалдаьккхина, ша "къамелна тIера волу блогер" санна вистхуьлуш вац, "официалан векал" санна луьйш ву аьлла.

Массарна а гуш-хезаш гечдар дехийтар - Iаламат пайден хIума ду, интернетехь харцо яржон стаг "кхетош-кхион" аьлла Умаровс. Ткъа цIехьулъян аьтто цахиларо кайолуьйтур ю и тайпа нах катоьхна кара а бина, "жоьпе озо".

"Нагахь цхьа бакъдерг лоьхуш, критика еш, йозанаш деш хьо велахь…Дика ду, нагахь хьо ишта дика кIант хилча, къонах стенна вац хьо? Ишта нийсо езаш хьо хилча, хIунда ю хьо боьха хIума?", - хоьтту министро.

Метро чохь цхьана пассажирна тIе хи чуьра банка ластийна нохчийн жимстаг "кхеторх" дийцира Умаровс, масална санна. Нохчийн Iедалхойн ницкъ тоьира, и кIант шен цIа вало. Тахана гIалин урамашкахь нуй хьоькхуш ву иза боху Нохчийчоьнан зорбан министро.

"Дукха хьолахь и нах тхуна карабо, республика жима хиларна. Цхьа миллион виъ бIе сов эккхаш стаг ву кхузахь. Ткъа и тайпа хIумнаш лелор долу кегийрхой кхин а кIезиг бу махкахь. Тхуна берш кара ца богIу, амма коьртачу декъанна, муьлш бу карош берш? Масала, цхьанхьа гIу чуьрчу хих дIовш тоьхна бохург, вакцина ечу хенахь дIовш ду деттарг баьхнарг а, берийн бешахь дIавш леладо олург а", - аьлла, дийцина политико, мехкан Iедалхошна уггар а лазаме хетачух.

ЧГТРК-н эфирехь и нах дохкобовлуш, доьрзу гIуллакх аьлла министро. "Бехкеверг" нахана хьалха а хIоттийна, иза бехказвийларо "меттавалаво" аьлла, тешна ву Умаров.

Валарал хала ду аьшнашвар

"Iазапна дуьхьалояран Комитетан" куьйгалхо Каляпин Игор цхьана хIуман тIехь тIетов Умаровна. Фейк-информаци яржош хилар чIагIдо цо а, амма интернетехь цIехьулъян йиш цахиларо пайда бохьур бу аьлла ца хета цунна.

"Мединскийс аьлла сонта хIума ду и, Умаровс нохчийн маттахь духа дийцина долу, - боху бакъонашларъярхочо. – Ца хаьа, церан хIун Iалашонаш ю, уьш хIун магон, хIун дехка дагахь бу. Амма магочохь а, паспорт ца оьшучохь а наха ишта а дуьйцур ду шайна хеттарг".

Каляпина бакъдо, Нохчийчохь ша-тайпа практика хилла дIахIоьттина хилар - стаг юьхьIаьржа хIоттор, шен гергара нах улло а баьхна, меттигерчу эфирехь иза нахалавоккхуш.

Ишта сина а, дагна ницкъбарца йоьрзу кхел.

Бакъду, харц информаци яржочарна дуьхьал болийна къийсам буьйцучу юкъанна, Умаровс ца хьахадо, нохчийн коьртачу каналан эфире боху нах кхечу бахьанашца Iорабохуш хиларх. Махкара Iедал емалдеш социалан машанехь, я мессенджерехь хаамаш баржийнарг телеэфире валаво. Кхерамаш туьйсий, стагна тIеIаткъам а бой, дукха хьолахь – тIехь ницкъ бой, бертаза хIоттош ву камерана хьалха, гечдар деха.

Масала, хьахор вай Осмаев Абубакар. Шелахь дийнна урам дIахьокхучу хенахь видео а яьккхина, иза яржийнера аьлла, дийнна баттахь чохь латтийра иза. Цкъа йиттинера цунна Кадыровн гоно, цул тIаьхьа декхаре вира парламентан спикерна Даудов Мохьмадна хьалха "Грозный" телевизионан эфирехь бехказвийла. Байначу баттахь велла иза, шолгIа инсульт ца лайна.

ТIаккха а ца Iебира КадыровгIар: меттигерчу телехьожийле балийра цуьнан тайпа-тукхумара нах, дог сецна ца велла иза, цIахь газ дIаихна, садукъделла веллера шайн стаг алийтира цаьрга.

Дукха хан йоццуш кхи цхьа зуда а гайтира телевизионехь. Полисхоша йиттинера шен воIна аьлла, Францехь вехачу шен доьзалхочунна лоьрашкара кехат-тоьшалла дIакхачо гIоьртинера иза. Меттигерчу эфирехь цуьнгара тоьшалла бух боцуш ду аьлла, дIакхайкхийра, ткъа зудчо шена гечдар дийхира.

ТIаьххьарчу шерашкахь цу кепара масалш иттанашкахь ду. Нохчийн министро билгал ца даьккхира, республикехь стаг дIа а хIоттийна, бехказвийлийтар Кадыров Рамзан куьйгалле веачхьана хилар а.

"Кхузаманан тахана коьртехь лаьттачу республикан Iедалхойн практика ю иза", - боху Оьрсийчохь анализан а, конфликташ кхоллаялар юхатохаран а центран директора Сокирянская Екатеринас.

Нохчийн Iадаташца а догIуш, бехказвуьйлу стаг шен гIад дайначу меттигехь. Масала, ларамза некъан бохамехь шен бехках нах белча. МаслаIатан тоба хьалха а йолий, куьйгбехкечо къинтIера боху шена нах, чIирах кхоьруш.

"Нохчийн телекомпанин эфирехь бехказбийла хIиттор"- тоталитаран урхаллан цхьахйолу практика ю. Республикерчу Iедало нахана тIехь терго латтайо шина механизмца: юкъара жоьпалла (хьан гергарчу нахана тIаьхьабахкарна хьо кхоьруш), нахана хьалха дIа а хIоттийна, хьо сийсазвахар. Нохчочунна валарал а деза ду ишта ша аьшнашвар. Дагара далийта мегар дац, и стаг камерана хьлха хIоттавале, дукхачу меттигашкахь цунна тIехь ницкъбеш хилар", - аьлла эксперто.


***
Шинаридийнахь ЧГТРК "Грозный" каналан директоро Дудаев Ахьмада бакъ дац аьлла, дIакхайкхийна, нахана гуш-хезаш бехказбуьйлучийн рубрика елла еза аьлла, яьржина информаци.

"И бакъ дац! Бакъ цахиларал совнах, гIурт бу буьйцург. Цу тайпа агIо схьаелла телерадиокомпанин куьйгаллин цкъа а Iалашо хилла яц. Цул совнах, цу кепарчу некъаша пайда бохьур бац кегийрхой кхеторехь", - аьлла, дIахьедина Дудаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG