ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов Iилман. Луьстачу догIано...


Юсупов Iилман

**
Луьстачу догIано корашна тIе вотa етташ,
Буьйса Iа сан куьйго язъечу байташна хехь.
Корашна тIехула уьдуш ду тIадамаш, сетташ,
МогIанаш могIанех хьекхало кехатна тIехь.

Кхехкачу ойланийн догIà сан кхетамехь дòгIу,
Кхета ца кхета со-м кехато и муха лов.
ТIадамийн тоба сан дешнашна байIат дан йогIу,
Сан дешнийн оьлано дIахуду тIадамийн зов.

Ойланех тIадамаш хуьттучохь гушдоцчу тèша
ДогIанан гIовгIа соь хIун ала гIерташ ю-те:
Арара йочана сан иэсехь хIоьттина-теша,
Я са ду-теша сан детталуш корашна тIе?..

XS
SM
MD
LG