ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министр Баширов: Яьсса лаьтташ 2 эзар белхан меттиг ю Нохчийчохь


'How is the unemployment rate calculated?'/ Cartoon. Gunduz Aghayev
'How is the unemployment rate calculated?'/ Cartoon. Gunduz Aghayev

Болх бан лаам болчунна яьсса лаьтташ 2 эзар сов белхан меттиг ю Нохчийчохь. Цунах лаьцна хаам бина республикан белхан министро Баширов Iусмана.

"Нохчийчохь схьайиллина болх беш ю бахархой балха хIитто центраш. Болх лоьхуш болу, я болх боцурш санна дIаязбала лууш болу республикера бахархой уггаре хьалха баха беза бу цу меттигашка", боху министро.

Башировс бинчу хаамца, карарчу хенахь болх бан луучунна яьсса лаьтташ 2065 меттиг ю Нохчийчохь, уггаре хьалха дешаран сферехь. ШолгIачу меттехь бу лоьраш а, кхин болу а медицинан белхахой. КхоалгIачу меттехь бу културан белхахой. Цул сов, цо дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь республикехь гучуйовлуш юьртабахаман говзанчашна хьажийна белхан меттигаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG