ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Динчу эккхийтарна бехке а беш, нах лоьцуш бу Магнитогорскехь


please wait

No media source currently available

0:00 0:04:58 0:00
Линкана тIе

ГIиргIазойчуьра орамаш долу стаг лаьцна Магнитогорскехь. Динчу эккхийтарна бехке ву бохуш, цунна тIехь ницкъбина аьлла цуьнан гергарчара.

Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Магнитогорскехь хилларг Iедалхоша теракт дацара бахахь а, оьрсийн къайлахчу сервисаша а, полицино а леца болийна Юккъерчу Азера схьабевлла бахархой. Цаьрга хеттарш деш, зуьйш бу уьш, хиллачу бохамна гунахь буй хьовсуш.

29 шо долу гIиргIазо Зайнобиддинов Хусниддин дIалацар Iорадаьккхина цуьнан гергарчара. Цара чIагIдарца, ялх сахьтехь сов барт хаьттина хилла цуьнга ФСБ-н белхахоша, тIехь ницкъ а беш. Динчу эккхийтарна бехкевина, суьрташ тIехь болчу нахана дуьхьал кийтарло де бохуш, хьийзина иза.

Магнитогорскехь дIалаьцна гIиргIазо Зайнобиддинов Хусниддин
Магнитогорскехь дIалаьцна гIиргIазо Зайнобиддинов Хусниддин

ГIиргIазойчоьнан Джалал-Абадан кIоштан вахархо ву 29 шо долу Зайнобиддинов. 2010-чу шарахь оцу кIоштахь гIиргIазошна а, узбекашна а юкъахь тасадалорш хиллачу хенахь хIиттийначу протесташна бехкеварца дуьненаюкъарчу лехамашка велла хилла иза шен даймахкахь.

Оьрсийчохь болх беш ву иза 2010-чу шарахь дуьйна. Стохка зуда ялийра цо, ши бутт хьалха дуьненчу яьлла йоI а ю цуьнан. ТIаьххьарчу заманчохь Магнитогорскехь кхача кечбечохь болх беш вара иза.

Кху беттан 16- чохь ФСБ-н белхахоша а, полицино а дIалецира иза, шен доьзалца вехачу цIенна уллохь.

"6 сахьтехь етташ, ницкъбина цунна. ШолгIачу Iуьйранна гира суна иза. Къаьхьа де дара цунна тIехь хилларг! - дийцина Маршо Радион гIиргIазойн сервисе цуьнан зудчо Зайнобиддинова Халимас. – Полисхойн массо а декъашкахула чекхдевлира тхо. ТIаьхьа бен ца къаьстира тхуна, иза чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллехь латтош хиллийла".

Зуда а, ши бутт кхаьчна йоI а ю Зайнобиддинов Хусниддинан
Зуда а, ши бутт кхаьчна йоI а ю Зайнобиддинов Хусниддинан

"Дуьххьара суна сайн цIийнда гича, сийначу басахь яра цуьнан йоллу юьхь. БIаьргаш цIийбелла, дистина куьйгаш, мера тIехь таммагIаш дара, цхьана агIор гамбина бара иза а", - дийцина зудчо. Цунна хетарехь, ток еттийтинчух тера ду цуьнан лергашна а, коьртах а. Шаьш бартхаттар видео тIе дIаяздина полисхоша, Халимас бахарехь.

Шена бевзаш боцу, маж йолу нах гайтира шена суьрташ тIехь, царех дийца бохуш, ницкъбора шена аьлла, дийцина Зайнобиддиновс шен хIусамнене. Шена уьш бевзаш бац алара ша, амма уьш шех ца тешара аьлла цо.

Полисхоша куьйгаш язде аьлла, деллачу кехаташна а инкарлойина хилла лаьцначо, дийцина зудчо. Магнитогорскерчу Орджоникидзен кIоштан прокуратурано протокол кечдина тIаккха, дуьненаюкъарчу лехамашкахь волу стаг лоцуш.

"Мохь ма хьекха, елха а ма елха, со цIа вогIур ву. Сан карти тIера ахча схьа а оьцуш, беран гIуллакхна дохка элира соьга", - дийцина Зайнобиддинова Халимас.

Карарчу хенахь цуьнан майра Магнитогорскерчу лоьмар 2 йолчу СИЗО-хь латтош ву. Гергарчу заманчохь Оьрсийчуьра ГIиргIазойчу депортаци ян тарло цунна.

Хаамийн гIирсийн хьосташкахь дийцарехь, полисхоша Магнитогорскехь теллина ишта Узбекистанера а, ГIиргIазойчуьра а, Таджикистанера а кхиболу бахархой а: таксхой, базаршкахь мах беш берш а цхьана.

Меттигерчу полицино дIакхайкхийна, "цу кепара рейдаш - мигранташлахь ен "зачитскаш" яц, даим а санна профилактикан барамаш бу аьлла.

****

2018-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу дийнахь Маркс Карлан цIарахчу урамехь долчу цIийнан чуволийла чухаьрцинера. Луларчу цIеношкарчу бахархоша чIагIдора, шайна цхьа тата хезира, эккхийтарх тера а долуш бохуш. Iедалхойн версица, хIинца а цу тIехь бу уьш, хIусаман газ хиллера иккхинарг.

ТIаьхьо эккхийтаран жоьпалла шайна тIелаьцнера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано.

Ткъа цхьайолчу хаамийн гIирсаша (Znak.com, 74.ru, Baza) чIагIонаш йо, Юккъерчу Азера схьабевллачу радикалан хьежамашца болчу наха дина оцу гIалахь цхьа могIа теракташ бохуш.

Оцу медиан хьосташа хаамбарехь, Магнитогорскерчу цIа чохь динчу эккхийтарна бехке бу Таджикистанера а, Узбекистанера а бахархой: Джумаев Мохьмад а, Каимов Алишер а, Абитов Алмир а.

Адамаш гуллучу меттигашкахь кхи а масех эккхийтар дан Iалашо хилла церан бохуш, чIагIдо ишта "Baza" хьостано а. Йохка-эцаран "Континент" цIе йолчу туьканна герггахь карийнера йоьллина оьккхуьйтург. Оцу инцидентах лаьцна хаамбинера "Настоящее время" гIирсе меттигерчу бахархоша.

Маркс Карлан урамехь хилла эккхийтар, "Baza" хьостано дIахьедарехь, ларамза нисделла ду, лоьлхуьйтурш вовшахтосучу заманчохь. Эккхийтар хилла петар Каимовс байначу беттан 30-чу дийнахь лаьцна хиллера.

Ишта терактца доьзна лору, оцу версица, карарчу беттан 1-чохь маршрутан машен чохь динарг а. Машен чуьра газ ютту гIирс галбаьлла хиллера аьлла, дIакхайкхийра Iедалхоша.

Ткъа журналистийн хьесапашца, оцу машенахь гIали чуьра арабовла гIоьртинера Джумаев а, цуьнан юкъархой а. Амма аьтто ца хилира, полисхоша байира уьш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Нохчийчоьнан экономике инвестицеш йийр ярий аш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG