ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIеххьана охьаяьлла "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин рейтинг - ВЦИОМ


Iедалехь йолчу "Цхьааллин Оьрсийчоь" (Единая Россия) партин рейтиг охьаяьлла 32,7 проценте кхаччалц. Иза гойтуш бу Оьрсийчуьрчу юкъараллина хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) дIабаьхьна тIаьххьара таллам.

Оццул лахара хилла дацара и терахь 2006-чу шарахь дуьйна.

Цкъа а ца хиллачу кепара охьаяьлла президенте Путин Владимире тешам хиларан рейтинг а. ХIинца иза ю 32,8 процент.


2006-чу шарахь Дечкен-баттахь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин рейтинг яра 42,9 процент. 2006-чу шарал хьалхо бинчу талламийн жамIаш дац ВЦИОМ-ан сайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG