Зуда ялош тIе сов харжаш яр лахдарца доьзна хаттарш дийцаре дина Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас вовшахтоьхначу кхеташонехь. Цигахь цхьаьнакхеттачара, шайна юкъахь, Iедалхой боцурш, муфтиятан векалш а, полицин белхалой а, баккхийн нах а болуш, дийцаре дира керла доьзал кхуллуш хIуьттучу халонашца доьзна хаттарш.
Таро ялахь а, яцахь а, кредиташ оьцуш а, юхалург ахча доккхуш а, яккхийн харжаш еш зуда ялийна меттиг дIаерзо гIерташ хуьлу бахархой. Иза юкъара дIадаккха деза, бохуш бара гулбелларш.
Кхеташонехь хьахийра муфтиято тIеэцначу сацамца зуда ялош дойучу ахчанан барамаш билгалбаьхна хилар, шайна юкъахь уггаре доккха терахь урдо а долуш.
Ибрагимовс кIоштан полицин хьаькамна тIедожийра хIора ловзаргахь къепе ларйеш полицин белхахо хилийтар.