ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сунжа гIалин мэр хаьржина Албаков Мохьмад


ГIалин мэр Албаков Мохьмад хаьржина Сунжа гIаларчу кхеташонан депутаташа шинаридийнахь. "Кавказский узел" агенталло яздинера, гIалин мэр хила шайн лаам хиларх кхаа кандидато дIахаийтарх. Евлоев Рашид а, Албаков Мохьмад а, Тумгоев Зеламха а вара царлахь.

Сунжа кIоштан советан депутат, хьалхо "Ингушводоканалан" куьйгаллехь вара. Байначу беттан 29-чохь мэр лаьттинчу Цичоев Тимура шен лаамехь дарж охьадилличхьана, гIалин администраторан декхарш кхочушдеш вара Албаков.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG