ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхойх яьккхинчу видео тIехь зудчо ша Казахстанера ю боху (Видео)


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан векалш ду шаьш бохучу наха Шемахь зударий-джихIадхой кIелхьарабохуш яьккхина видео гайтина шинаридийнахь Францин France 24 телеканало.

Хьиджаб тиллина, карахь бер долчу зудчо ша Казахстанера ю олу. Цул совнах, тIеман барзакъ доьхначу стага зударшна паспорташ дIасалуш гойтуш ду видео тIехь. "ГIиргIазойчоь" аьлла, къаьсташ тIехь яздина паспорт (ID-card) ду гойтуш документашлахь. И зуда дуьненчу яьлла шо а ду гойтуш: 1989 шо.

Репортажан авторша къамел до Францера Шема яхначу цхьана зудчуьнца. Францехь дин лело хала дара шена, цундела "халифат" хIоттон гIертачарех дIакхеттера ша боху цо. Амма шена моьттург ца хиллера боху цо "Исламан пачхьалкх", Шема шаьш дахкарна дукхахболу зударий дохкобевлла аьлла, билгалдоккхуш.

Францин пачхьалкхан телеканал ю France 24. Компанин коьрта офис Парижехь куп тоьхна ю, ткъа трансляци дIахьо цара Iарбойн, ингалсан, испанхойн, францхойн меттанашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG