ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина баттахь лаьцна вуьтур ву Арашуков Рауль


Арашуков Рауль
Арашуков Рауль

Кхарачойн-Чергазийчоьнан цIарах сенатор лаьттинчу Арашуков Рауфан да, Арашуков Рауль Зазадоккхучу беттан 30-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш, сацамбина Москохарчу кхело. Зуламхойн тоба вовшахтоьхна, курхаллаш лелийна аьлла, шеконашца лаьцна Арашуков Рауль. Бехк тIе ца лоцу цо. Байначу беттан 30-чохь Петарбухахь дIалецира Арашуков Рауль. Оьрсийчоьнан Талламан комитетехь дIахьедина, Арашуков-воккхахверг бехкехила тарло 30 миллиард соьмана "Газпром" компанин газ лачкъорна. Оццу зуламашна бехкехила тарло цуьнан кIант а.

Талламан версица, пхеа шерачохь лечкъош хилла тарло цо газ. Талламан барамаш дIахьош бу Москох, Петарбухахь, Ставрополехь, ХIинжа-ГIалахь, Невинномысскехь, Буденновскехь, Астраханехь, ишта кхийолчу гIаланашкахь а. Арашуков Рауль воцург а, кхело дIалецна кхи а виъ стаг, шайца сенатор Арашуков Рауфан шича Арашуков Руслан а волуш.

Йиллинчу хьосташа яздарца, "Газпром межрегионгаз" компанин директоран хьехамча а, Кхарачойн-Чергазийчоьнан халкъан собранин депутат а, "Единая Россия" партин декъашхо а вара Арашуков Рауль.

Маршо Радионо яздира, Москох Федерацин Кхеташонан гIишло чохь байначу беттан 30-чохь сенатор Арашуков Рауф дIалацарх а. Ши стаг верна а, зуламхойн юкъаралла вовшахтохарна а, тешашна Iаткъамбарна а бехкево иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG