ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабо-Вердехь 11 оьрсийн хIордахо дIалаьцна. 9,5 тонн кокаин яьккхина кеман тIера


Иллюстрацин сурт
Иллюстрацин сурт

Кабо-Верден Iедалша дIалаьцна 11 оьрсийн хIордахо. Панаман байракх бухахь догIучу кеман тIехь хилла уьш, яздо "Новости" агенталло.

Болчу хаамашца, гIайрен пачхьалкхан Прая портехь къастазчу бахьанашца кеман экипажан декъахо веллачул тIаьхьа сецна хилла хIордкема. Порте схьакхаьчначул тIаьхьа кеман тIехь полисхошна карийна 9,5 тонн кокаин. Кабо-Вердерчу оьрсийн векалтан хаамашца, оцу бахьанашца дIалаьцна йоллу экипаж.

"Талламчашца а, дIалецначаьрца а зIенехь ду тхо. ГIуллакх тхан тергонехь ду. Шуьйрра информаци кхачаре сатуьйсуш ду тхо", - аьлла"Новости" агенталле векалтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG