ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газета" жоьпе озийна Соьлжа-ГIалахь вайна леринчу Юсупов Бекхана (Видео)


"Нохчийчоь Тахана" агенталло зорбане даьккхина Нохчийчохь вайна леринчу вахархочо Юсупов Бекхана Заводской кIоштарчу прокуроран цIарах яздина кехат.

"Байначу беттан 30-чохь "Новая газетано" публикаци йинчу материал тIехь хаамбо, ЛГБТ-н куьйгалхочо Кочетков Игора Оьрсийчоьнан Талламан комитете дIахаийтина, Соьлжа-ГIаларчу полисхойн декъехь низамаш хьоьшуш, лецна нах бу латтош аьлла. Оцу артикл тIехь сан цIе а яьккхина, гей ву аьлла, шеконашца лаьцна ву бохуш. Дуьйцург бакъ дац, даржийна эладитта ду иза, сан репутаци бехъеш, суна а, сан гергарчарна а зен деш.

Черноречьерчу полисхойн декъе вигинера со, брелокаш ян мекхадоьлла патармаш ас лехьорна. Масех сахьт даьллачул тIаьхьа, хеттарш дина, со маьршаваьккхира.

Ас доьху, официалехь оцу материал тIехь хилларг бакъ дац аьлла, дIакхайкхадайтар а, суна доцург кхоьллина хьоста жоьпе озор а аьлла".

Маршо Радионо яздира, Нохчийчуьрчу вахархочун Юсупов Бекханан хьокъехь Соьлжа-гIала веана адвокат Караваев Александр лаца гIоьртина меттигера полисхой аьлла, "Новая газетано" хааме даккхарх.

Францехь тховкIело елла Юсупов байначу баттахь даймахка веача лаьцна хиллера полисхоша. Гейш бу аьлла, махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн белхахоша шеконашца лецначу меттигерчу наха хаийтинера иза лацарх. Цхьаболчеран аьтто хиллера набахтера арабовла, цара информаци яржийра, шайца лецна хиллачех.

Еаридийнахь Соьлжа-гIала кхаьчна адвокат Караваев полисхойн декъе ваханера. Дуьхьалваьллачу пхеа полисхочо шогаллица кехаташ хаьттинера цуьнга, цул тIаьхьа нуьцкъаша хIусаман гIишло чу вига хьовьзинера.

Шен кехаташ а гайтина, адвокато ша федералан хаамийн гIирсийн журналисташца зIенехь ву аьллачул тIаьхьа, жимма шайн агресси лахйинера цара, яздора "Новая газетано".

Карарчу хенахь республикерчу а, федералан а Талламан комитеташка а, прокуратуре а, ФСБ-не а, ишта Оьрсийчоьнан омбудсмене Москалькова Татьяне а кехаташ кечдеш ву адвокат, Нохчийчуьрчу вахархочун Юсупов Бекханан кхолламах дерг къастош гIо доьхуш аьлла дара материалехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG