ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIех доккха доцчу зуламна бехкебийраш хIунда хьийсабо набахте


Муьлхачу логикаца хьийсабо лецна нах набахте.

Оьрсийчохь кест-кеста хеттарш хIуьтту: муьлхачу логикаца хьийсабо лецна нах набахте. ТIеман министраллан лаккхара даржхо цIахь лаьцна юьту, ишта экономикан хилла министр а цхьана. Ткъа 75 шаре ваьлла Iилманча Кудрявцев Виктор набахтехь латтаво. Цхьа наггахь адвокатийн аьтто хуьлу, церан таIзар малдан.

"Новое величие" гIуллакхца доьзна лаьцначу 18 шо долчу Павликова Анница а хилира иштта. Амма дукха хьолахь хала хуьлу кхелахой а, талламчаш а къарбан, озабезамаш лелабо цара.

Оцу юкъанна Оьрсийчуьра талламийн набахтеш тIехюьзна ю. Цигарчу проблемех лаьцна байначу баттахь лерина кхеташо дIаяьхьира Инарла прокуратурехь. "Бехкзуламан гIуллакхаш толлучу заманчохь кхачамбацарш дитарца доьзна ду набахтеш тIехюьзна хилар" аьлла, хьесап дира гулбеллачара.

Стаг дIалаьцначул тIаьхьа талламчаша кхелахочуьнга кехатца хаамбо, и стаг изолятор чохь латто эшаран бахьанаш довзуьйтуш.

Оьрсийчохь лела барамаш ишта бу:

  • лаьцна витар;
  • шен хIусамехь а вуьтуш, дIасавалар дехкар;
  • махкал араваларна доза тохар;
  • закъалтах маьрша витар;
  • цхьаъ юкъархо а хилла, арахь витар.

Бакъду, дукха хьолахь талламчаша лаьцнарг набахтехь витар доьху кхеле. Кхелан статистико а гойту и бакъ хилар.

Стохка хьалхарчу 6 баттахь оьрсийн кхелаша 64 126 дехар листина, лецнарш чохь сацор доьхуш шайга чуделла. Царех 57 650 дехар къобалдира кхело. Проценташкахь аьлча, 90 % хуьлу и терахь.

Юкъараллехь емал а деш, уггар а резонансе леринчех дара Дмитриев Юрийн а, Титиев Аюбан а гIуллакхаш. "Мемориал" бакъонашларъяран организацин ши белхахо вара и шиъ.

61 шо ду Титиев Аюбан. Нохчийчохь адамийн бакъонашна гIаролехь лаьтташ вара иза. Ткъа хIинца бехкево иза, наркотикаш лелийна аьлла, ткъа бакъонашларъярхочо, шена полисхоша кхийсина ю уьш бохуш, чIагIдо.

Титиев бехкево луьрачу зуламна, ткъа иза маршонехь витахь, цо кхи дIа а лело тарло шен зуламаш, йа новкъарло ян мега "оцу зуламечу гIуллаккхехь бакъдерг къасто" аьлла, дIакхайкхийра кхелехь талламхочо.

Бакъонашларъярхочун юкъархой хила реза бара гоьбевлла нах: бакъонашларъярхо Ганнушкина Светлана а, политик Явлинский Григорий а. Амма кхелахоша тIе ца дитира иза, шо ду Титиев набахтехь волу.

Историкан Дмитриев Юрийн 63 шо ду. Карелехь Сталинан репрессешкахь белла нах дIабоьхкина меттигаш лоьхуш бара уьш.

Ткъа цунна дуьхьал айдина гIуллакх а ду тIех луьра лоручех - шайн доьзалхо йина, кхаба ялийна йоI хьийзина аьлла, бехкево иза. Цкъа бакъ вина, маьршаваьккхира иза. Цунна тIехIоьттинера, дуьхьал даьккхина гIуллакх политикаца доьзна ду аьлла хетта юкъаралла.

Амма юха а дIалецира Дмитриев, гIуллакх юха а листа а долош. Бакъ-кхелах къайлавала там бу иза бохуш, талламчаша даим а доьху кхеле бакъонашларъярхо чохь латто хан дIаяхъяр.

Оьрсийчохь наггахь верг бен ца вуьту чуьра аравалар доьхкий.

ЦIахь витар доьхуш дахначу шеран эхашерачохь 3 628 дехар дира. Ткъа кхело 3 188 бен тIе ца дитира, аьлча а, 88 процент.

ЦIера дIасабовлар дихкинчарлахь вара вевзаш волу политик Навальный Алексей а, экономикан министран даржехь лаьттина Улюкаев Алексей а, тIеман министраллана чуйогIучу бахаман департаментан хилла куьйгалхо Васильева Евгения а, театран режиссер Серебренников Кирилл а.

Делахь а, олийла дац политик вара, йа лаккхара даржхо вара аьлла, цаьрга масаьрга а кхелахоша озабезамаш бо.

Кировн кIоштан губернатор хилла Белых Никита кхел кхайкхаяллалц набахтехь латтийра, масала, могушаллица бала хьоьгуш хиллехь а.

Цкъачунна адвокатийн ницкъ ца кхочу 75 шо долу Iилманча Кудрявцев Виктор набахтера ара а ваьккхина, цIахь витийта.

Пачхьалкхна ямарт хилла аьлла, бехкево иза. Белгерчу институтна мехал хаамаш дIакхачош хилла цо бохуш, чIагIдо талламчаша.

Кудрявцевн гергарнаш кхоьру, шайн стаг набахтехь валарна: диабет а, гипертони а ю цуьнан. Инфаркт хилла а ву иза. Оьрсийн академин президенто ша юкъара а хилийтий, маьршаваккхахьара иза аьлла, дехнера, амма байначу беттан 15-чохь дIакхайкхийра кхелахоша, иза чохь сацош шаьш бина сацам.

"Лаьцнарг ца ваьллачу дийне ваккха а тарло, бехк тIелацийтархьама"

ТIех доккха доцчу гIуллакхна кхел йийраш а цхьана стенна латтабо Оьрсийчохь набахтехь, юй-те оцу системан кхетаме логика, хIунда лаьцна "Йиллинчу Оьрсийчоьнан" жигархо Шевченко Анастасия дийцира "Олевский Тимурца дIахьо суьйренаш" аьллачу программин эфирехь бакъонашларъярхочо Шаров-Делоне Сергейс.

- Коьртаниг хIун дуй – талламчаш шайн ма хуьллу оцу лаьцначуьнга бехк тIелацийта гIортар. Цул тIаьхьа атта ма хуьлу царна. Стаг ца ваьллачу дийне ваккха а тарло, цуьнга бехкаш тIелацийтархьама. Вайн пачхьалкхехь 75 процент кхелан сацамаш оцу "леринчу къепехь" дIакхайкхош бу.

[Шена талламо тIебаьхьна бехк, кхеле тIе а ца чIагIбойтуш, къерахилар, бина сацам чекхбаккха дехар; ишта кеп лела тарло динчу зуламна догIу таIзар итт шарал совдолуш дацахь – "Керла Хан"].

И бохург ду, цхьа а тоьшаллаш ца луьстуш, талламчаша мел ледара материалаш а, бехк тIечIагIбар а вовшхтохахь а, дерриг чекхдериг хилар, хIунда аьлча, оцу стага бехк тIелаьцна баьлла дела.

- Шевченко Анастасия цIахь юьтуш бинчу сацаман бух, хьуна хетарехь, тоаме буй, цуьнан маршонна дозанаш деттал, я бац?

- Кхузахь хьал ишта ду. Со тешна ву, массо а бакъонашларъярхой реза-м бац соьца, цу кепара артикл хила йиш яц. Адамна таIзар дойла яц, цуьнан багах дийлина дешнаш бахьана долуш. Дешан маршонан принципашца догIуш дац иза.

- 281-гIа артикл хилла ца Iаш, цунна бехкедуьллу Оьрсийчохь оьшуш йоцчу организацица юкъарлонаш лелор а.

- "Оьрсийчохь оьшуш йоцу организаци" бохург хIун ду? Цхьаммо а тIечIагIдина ма дац, оцу организацино зуламе гIуллакхаш леладо аьлла. Оьшуш йоцу организаци ю аьлла, дIакхайкхор доцург.

- Ткъа хIунда нисло ишта? Юкъаралла оьгIазе хуьлу, реза боцуш, ткъа талламчаша ехха ойла а йой, сацамбо лаьцнарг СИЗО-хь ца вуьтуш, цIахь дIасавалар доьхкуш лаьцна вуьтуш.

- Дукхачу хьолехь и муха хуьлу хьуна аьлча. Таллам дIабахбан безаш хуьлу, ткъа иза лаьцна вуьту хан тIехтилла. Цхьа шо даьллачул а тIаьхьа федерацин субъектерчу кхеле бовла дезаш хуьлу. Ткъа оцу заманчохь талламаш берзийна хуьлу, тIаккха дIасавалар доьхкуш деш долу таIзар мел а малдан гIерта уьш. Мел оьшу тоьшаллаш церан карахь ду, тIаккха стенна оьшу стаг СИЗО-хь латтор?

- Мел дукха дийцарх а, со нийса кхеттехь, оцу системан цхьа шен системан логика ю-кх. Йа яц?

- Цхьа логика ю олийла ду тенденцица, амма хIора а нисделларг йоллу тенденцина бIостане хила а тарло.

Ольга Бешлей


Настоящее время

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG