ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозанаш дийцаре дина Даудовс а, Шихсаидовс а


Нохчийчоьнан парламентан а, Дагестанан Халкъан Гуламан а куьйгалхоша Даудов Мохьмада а, Шихсаидов Хизрис а дакъалоцуш доза къасто кхоьллинчу комиссийн декъашхойн кхеташо хилла Соьлж-ГIалахь
Нохчийчоьнан парламентан а, Дагестанан Халкъан Гуламан а куьйгалхоша Даудов Мохьмада а, Шихсаидов Хизрис а дакъалоцуш доза къасто кхоьллинчу комиссийн декъашхойн кхеташо хилла Соьлж-ГIалахь

Нохчийчоьнан парламентан а, Дагестанан Халкъан Гуламан а куьйгалхоша Даудов Мохьмада а, Шихсаидов Хизрис а дакъа а лоцуш доза къасто кхоьллинчу комиссийн декъашхойн кхеташо хилла Соьлж-ГIалахь. "Нохчийчоь тахана" агенталло бинчу хаамца, цкъа дуьххьара Даудовс а, Шихсаидовс а барт бира шина парламентан юкъаметтигаш кхиор хьокъехь. Цул тIаьхьа дийцаре дира дозанца доьзна хаттарш.

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза билгалдаккхаран болх кхиаме дIаберзийта комиссийн декъашхошна хьехарш дира Даудовс а, Шихсаидовс а.

Кхеташо дIайирзича Дагестанан парламентан спикеро билгалдаьккхира, цхьаьнакхетарехь комиссеш бинчу белхан жамIаш дира шаьш аьлла. Цуьнца цхьаьна, Шихсаидов дIахьедар дира, къаьмнийн юкъаметтигех хьакхалуш долу муьлхха а хаттарш кхочуш дийр ду шаьш цхьа а низам талхор доцуш аьлла.

Шен агIор, Даудовс билгалдаьккхира бакъдерг а, нийсо а юьхьарлаьцна вовшийн лаам тергоне эца оьшуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG