ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен цIе "бехъярна" "Новая газетана" арздина нохчочо


Юсупов Бекхан
Юсупов Бекхан

"Новая газета" а, ЛГБТ - юкъаралла а бехкейо Нохчийчуьрчу вахархочо, шена тIехь цIе кхолларна

Полисхоша ша гомосексуал а лерина, шеконашца дIалаьцна аьлла, "Новая газетано" а, ЛГБТ- юкъаралло а шех информаци Iораяккхарна, Нохчийчуьрчу вахархочо Юсупов Бекхана бина кхайкхам баржийна меттигерчу хаамийн гIирсашкахь. Пачхьалкхан "Грозный" телевизионан эфирехь вистхилла иза.

"Новая газетано" арахецначу артикло ша Iадийнера, цомгуш, меттахь Iуьллу ша, гIатта вийзира боху Юсуповс. Газетана арз деш, кхеле латкъам бийр бу ша боху цо, цара шен "бехйина цIе меттахIотторхьама". Прокуратуре хIинцале а арз чуделла цо.

Карарчу беттан 1-чу дийнахь, "Новая газетан" информацица, адвокат Караваев Александр цхьанакхетта хилла Юсуповца. Цаьрца цхьана хилла Нохчийчуьра адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъахо Саратова Хеда а, вежарий а, ишта "Новая газетаца" ЛГБТ-н тема йийцаре ен журналист Москвина Евдокия ю ша аьлла, йовзийтинарг а. Ткъа газетан редакцино шайна евзаш яц аьлла, и цIе йолу журналист.

"Цхьа воьхна, цомгуш, шен леларца маьрша а воцуш санна" хийтира шена Юсупов, аьлла адвокато Караваевс.

Юсуповс дийцарехь, дахначу шеран ГIуран-беттан 18-чохь дIалаьцнера иза, брелок ян дагахь, шена карийна патарма Франци дIабахьа дагахь Iалашбарна.

"Суна ца хаьара уьш лелор дихкина дуй. Зуламан Кодексан 222-чу артиклца жоьпалла дужу хьуна тIе элира соьга, арахь яккха хан кхайкхор ю а олуш. Ас бехк тIелаьцна", - аьлла Юсуповс.

Юсуповн гергарчеран хаамашна тIе а тевжаш, хьалхо "Новая газетано" а, ЛГБТ машано а хааме даьккхира, Юсупов Францехь тховкIело а елла, вехаш хилар. Амма ГIуран-баттахь даймахка веана хиллера иза шен машенахь, гергарчарна тIехIотта лаамца. Цул тIаьхьа зIенера вайна хиллера иза. Юсуповн гергарчара дIахьедира, гейш бу аьлла, шеконашца лецначу нахаца цхьана Соьлжа-ГIаларчу полисхойн декъехь латтош ву шайн стаг, аьлла.

  • Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх рапорт арахийцира дахначу шеран ГIуран-баттахь ОБСЕ-но. Цу тIехь дуьйцу нохчийн гейшна дуьхьал Iедалхоша йолийначу кампанех. "Нохчийчоьнан Iедалхой ЛГБТ-н векалшна тIаьхьабевлла лелар Оьрсийчоьно талла деза, ишта Лапунов Максимна тIехь гIело лелор а цхьана", - аьлла ду ОБСЕ-н рапорт тIехь.
  • Оьрсийчоьнан ЛГБТ- юкъараллан информацица, дахначу шеран ГIуран-бутт бовчу деношкахь Нохчийчохь дIалецна 40 гергга стаг, зударий а, божарий болуш шайлахь. Царех ши стаг вийна, тIехь Iазапаш лелийна.
  • Ишта дахначу шеран Охан-баттахь а ЛГБТ-но даржийра, шайн организацино шайга орца дехна Нохчийчуьра 130 сов стаг араваьккхина аьлла. Дийцарехь, царех дукхахберш кхечу пачхьалкхашка дехьабевлла.
  • 2017-чу шеран Охан-баттахь "Новая газетано" цхьа могIа публикацеш зорбане ехира, Нохчийчохь тIетаьIIина дIа а лехьош, тIехь ницкъбеш, бойуш бу гейш аьлла. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIе ца дитира дохку бехкаш, Нохчийчохь гомосексуалаш бан а бац аьлла, дIа а хьедеш.

Артиклан автор "Настоящее время"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG