ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь чувоьллина Нохчийчу герз дохка гIоьртина гIиргIизо


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

ГIиргIизойчоьнан Iамеркехь хиллачу векалан кIант Садыков Тенгиз 3-а шаранна чувоьллина Вирджини штатехь. Иза бехке вина, бакъо а йоцуш, Нохчийчу герз дохка гIортарна.

Садыков а, цуьнан накъост Резванов Эльдар а дIалацарх лаьцна Вирджинин Малхбален гонан прокуратуро хаам бира стохка Чиллан-баттахь.

Александриехь (Вирджиния штат) веха ГIиргIизойчьура cхьаваьлла ши вахархо бехке вина герзаца контрабанда лелорна а, контрабандех къайлаха барт барна а, курхалла лелорна а, ахчанаш дахарна а.

Талламхоша дийцарехь, Сыдыковга а, Резвановга а масийттаза 5000 эзар доллар барамехь ахчанаш кхаьчна хилла Нохчийчуьра. Цунах "Глок" тапчан меженаш оьцуш хилла цара, тIаьхьо вовшахтасархьама. ХIусамашкахь оьшу йийбар санна почтехула Нохчийчу дIатаса кечдина хилла цу шиммо и герз.

Иштта кхелан документашкахь ялош ю Нохчийчуьра ахча тийсинчийн а, герз дIакхачо яьшканашна тIе язйина йолу а цIераш. Нохчийчохь ехачу Алиева Мадинин цIарах тийсина ахчанаш.

Ткъа герз чуьрчу яьшканашна тIе язйина ю Межиев Бисланан а, Межиева Хадижатан а, Адантуев Анваран а цIераш.

Иштта Iораяьхна кхелахоша кхи а оцу низамехь йоцчу бизнесана юкъахь хиллачийй цIерш а.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн низамаша могуьйту пачхьалкхера жимачу тапчан хьесапехь кхо герз арадаккха, ткъа кхузахь Нохчийчу дIакхачо леринчу герзо барамаш тIехсовбаьхна. Цул сов, Iедалхойх хьулдина дIатаса кечдина а хилла и герз.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG