ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь юхатоллуш ду Дагестанера 8 стаг вер    


Нохчийчоьнан прокуратуро юхаталла долийна 2016-чу шарахь Гуьмсан кIоштахь вийначу Дагестанерчу 8 стеган гIуллакх. Цунах лаьцна хаам бина "Агора" бакъонашларъярхойн тобанан адвокато Сабинин Андрейс.

Маршо Радионо хьалхо дийцина ма хиллара, кхушеран Дечкен-баттахь Нохчийчуьрчу талламан комитето дIакъевлинера Дагестанера 8 вахархо вер хьокъехь толлуш хилла бехктакхаман гIуллакх. И нах полисхоша байинера ши шо ах шо хьалха Нохчийчьурчу Гуьмсан кIоштахь.

Дагестанан махкахой лечкъийнера цу республикан территорина тIехь яххьаш къевлина баьхкинчу герзаца хиллачу наха 2016-чу шарахь гуьйранна.

Гергарчара чIагIдарехь, уьш латтош хилар гайтинера церан телефонаша лучу сигналаша ХIинжа-ГIалахь экстремизмана духьало ечу центрана гергахь.

Дагестанан талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна хиллера кегийрхой лачкъор хьокъехь. Цхьана хеначохь царах лаьцна кхин хезаш хIума дацара. Амма оццу шарахь ГIадужу-беттан 9-чу буса Нохчийчоьнан полисхоша герз диттина Гуьмсан кIоштахь вийра шина машенахь хилла 8 стаг. Цул тIаьхьа цара цIетесна а хиллера цу шина машенах.

Гергарнаш тешна бу и кегийрхой дIабигинарш ницкъаллин структурийн белхахой бу бохучух.

Шен агIор Нохчийчуьрчу талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийнера нохчийн полисхошна тIелатар дар хьокъехь. Стохка аьхка дуьйна и гIуллакх дIакъовла гIерташ бара талламхой, бехкебийраш байина хиларна. Амма цунна дуьхьал бара Дагестанера цу кегийрхойн гергарнаш.

Делахь а Дечкен-беттан юккъехь кхелхинчеран доьзалшка Нохчийчуьра кехаташ кхаьчна, царна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх дIакъевлина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG