CarsWeek компанин аналитикаша рейтинг хIоттийна Оьрсийчохь юхкучу уггар йорахачу жимачу машенийн. Хьалхарчу меттигехь ю Lada Granta. Цуьнан мах дIаболалуш бу 415 эзар соьмана тIера.
Аналитикаша дийцарехь, шолгIа меттиг дIалоцуш ю Японин Datsun on-DO. Цу машенех уггаре йораханиг ю 480 эзар сом мах болуш. Рейтинган кхоалгIачу могIарехь ю 489 эзар сом мах болу Lada 4х4.
ПхоьалгIачу меттигехь ю Renault Logan – 534 эзар сом. Йорахачу машенийн рейтингехь 5-гIа магIаре хIоьттина Lada Vesta - 555 эзар сом.