ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан а, Нохчийчоьнан а дозанаш къасто комисси кхоьллина дагестанхоша


Дагестанан кIошт
Дагестанан кIошт

Нохчийн-дагестанхойн дозанаш билгалдахаран проблемаш листа йолалур ю Дагестанехь юкъараллан организаци. Комиссин декъахоша бахарехь, церан сагатдо карарчу заманахь Дагестанна а, Нохчийчоьнна а юкъара дозанаш къастош дIахьочу бертан процедурано.

"Тхуна гуш ду дийцарш бахархойх а, хаамийн гIирсех а къайлах дIахьош хилар. Цундела хуьлучух дуккха а шеконаш а, цакхетамаш а, хетарш а лаьтта. Оцу чолхечу хаттарехь Дагестанан къоман интересаш муха Iалашъеш ю а хоуьйтуш дац",- аьлла ду юкъараллан комиссин дIахьедар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG