ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вала да воцуш бисина махкахой


Шема - Боснера бераш. ГIура-бутт. 2018.
Шема - Боснера бераш. ГIура-бутт. 2018.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бинчу хаамца, кIиранан дийнахь Раменское (Подмосковье) аэропорте Иракъера цIадалийна 27 бер. Цо дийцарехь, Гергарчу Малхбалера бераш цIадалорца боьзна болх сацош бац.

Цул хьалха, 30 бер а далош, кема охьахиънера Москох стохка ГIура-баттахь. Кхин а цхьа кIира даьлча уьш дIасадигира гергарчара Нохчийчу а, Дагестане а, ГIебартойн-Балкхаройчу а, ГIезалойчу а.

Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас дийцарехь, таханлерчу денна Шемахь юьсуш ю Оьрсийчуьра 338 зуда. Царца ду 643 бер. Иракъехь 255 зуда ю, 536 бераца. Коьртачу декъана и зударий а, бераш а дигина цига экстремистийн пропагандан йийсарехь хиллачу божарша.

Гергарчу Малхбале дайша-наноша дIадигинчу берашца доьзна хаттар ира лаьтташ ду кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь а. Чиллан-беттан 3-чохь Францин юкъараллан телеканало видеоcюжет гайтира, карарчу хенахь Шемарчу Ракка гIалахь бераш гулдечу меттигехь кхобуш волчу Бретени-сур-Орже (Brétigny-sur-Orge, Парижан къилбе) гIаларчу 13 шо долчу нохчийн кIантах лаьцна. Журналисташа бинчу хаамца, кIант латто меттиг дIалаьцна ю курдийн тIемалойн тобанаша, ткъа бераш лардеш ду меттигерчу эскархоша.

Асадулла цIе йолу нохчийн кIант карийна хилла Шемарчу Раккехь тIемаш боьлхучу кIоштахь. Цо дийцина шен дас, нене а ца хоттуш, ша садаIа вуьгу аьлла, цкъа дуьххьара Истанбуле, цул тIаьхьа 2015-чу шарахь Шема валорах лаьцна.

Цу кIентан да Францехь тховкIело елла хилла 2008-чу шарахь. Бераш а эцна, Шема дIавоьдуш цу стага шен хIусамнана йитина маситта шо хилла.

Болчу хаамца, Асадуллан да кхелхина. Иза мичахь хилла ца хаьа кIантана. Ткъа цуьнан ши ваша вийна, курдийн тIемалоша Ракка дIалоцуш уьш чохь хиллачу цIанна бомбанаш тохар бахьана долуш.

Францин Iедалхоша далочу терахьашца, карарчу хенахь Шемахь ву цу махкара 15 стаг а, 25 зуда а, 70 гергга бер а. Францино, кхечу Европерчу пачхьалкхаша санна, хIинца а дIанисдина дац Шема а, Иракъе а тIаме бахана нах цIаьберзорца доьзна хаттар.

Кхин а чолхе лаьтташ ду, Францехь мухIажарийн статус а йолуш, Гергарчу Малхбале баханчу нехан кехаташ доцучу берашца доьзна хаттар.

Дечкен-беттан 29-чохь France 24 телеканало Шемахь яьккхина видео гайтира. Никъаб йоьхна французийн маттахь къамел деш зуда яра, карахь бер а долуш. Казахстанера яра иза. Франце цIаяха лууш ю ша бохуш яра и зуда.

Саратовас дийцарехь, цуьнга гIо доьхуш хуьлу кхечу пачхьалкхашкахь беха нохчийн зударий. Францерчу Асадуллана гIо дан дагахь ю ша, бохуш яра иза, Кавказ.Реалиина" ша еллачу интервьюхь. Амма болчу хаамца, Оьсрсийчоь дагахь яц кхечу пачхьалкхан кехаташ долу нах шайн махка цIаберзо.

Шемахь а, Иракъехь а чубоьхкина зударий бу тIеман зонехь лецна болу. Уьш лууш бац шайн берех бовла. Делахь а царах дукхаха берш кийча бу шайн доьзалш балех кIелхьарбохуш уьш цIахьавсо. Гергарчу Малхбалехь дIоггара жигара тIемаш боцу дикка хан ю. ХIинца шайн махкахойн а, шаьш тховкIело еллачу нехан а доьзалш цIаберзорца йоьзна проблема кхочуш ян езаш ю Европера пачхьалкхаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG