ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь онкологи а, рогIехь лаьтта лазархой а


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчохь кIезиг лоруш бу цIе ца йоккху цамгар ловш болу нах, амма дарбанан меггигаш тоьаш яц.

Оьрсийчоьнан Росстат урхалло далочу терахьашца, уггар могаш нах беха меттиг ю Нохчийчоь. 2017-чу шарахь таллам бинера говзанчаша Оьрсийчуьрчу регионашкахь онкологин цамгарш яржарх лаьцна. Нохчийчоь яра уггар могуш республика. Цигахь хIора 100 эзарнах вон цамгар кхетта вацара 153 стаг бен. Дагестанехь, масала, и гайтам бара 160, ГIалгIайчохь – 178.

Уггар вон хьал дара онкологин цамгаршца доьзна Орловн кIоштахь – 541 стаг хIора 100 эзар вахархочунна юкъахь.

Стенца дузу говзанчаша нохчашна юкъахь могуш болу нах дукха хилар - цIена а, дика а кхача лелорца я статистикаца бозбунчаллаш лелорца – кхеташ дац. Амма ду гуш дерг: республикехь болх беш ю 210 лазархочунна лерина онкологин цхьа диспансер. Цигахь меттигаш массарна а тоьаш яц, ткъа мехаза хила дезачу дарбалелорах ахча дала деза.

Бизнесан план.

Стохка ГIуран-бутт юккъебаьлча Нохчийчоьнан Iедало план хIоттийра онкологин цамгарш ловш болчу нахана гIо дарна хьажийна йолу. Иза лерина ю 2019-2024 шерашна.

Цу планна юкъахь ду зорбанан гIирсашкахула бахархошца шуьйра болх бар, цу Iалашонна хьажийна рицкъ дацахь а.

Делахь а, республикехь кхуллур йолуш ю вон цамагар гучуяьллачу нахана сихха гIо дан 4 амбулатори. Уьш йийр ю Гуьмсехь а, Шелахь а, Хьалха-МартантIехь а, Соьлж-ГIалахь а, цигарчу дарбанана хIусамашкахь оьшу гIирс а хIоттийна. Соьлж-ГIаларчу онкологин центрана тIехIуттур ю керла гIишло. Иза болх бан йолаяла езаш ю 2021-чу шарахь.

Цу гIуллакхна дохка лерина ду 4411,6 миллион сом, цунах 811,6 республикан бюджетера а долуш.

Цу хеннахь, Нохчийчохь сихха лоьрийн гIо оьшу нах дуккха а бу. Цамгарш ловш беш охьабийшо меттигаш кIезиг хилла ца Iаш, тоьаш бац Нохчийчохь говза лоьраш.

Массарна а меттигаш тоьаш яц.

Соьлж-ГIаларчу онкологин диспансерехь дарба дойтучу шен цIе яккха ца лиинчу зудчо дуьйцу, ах шарахь диагноз хIотто аьтто боцуш лийлира ша бохуш. Интернетехь цхьацца хаамаш бешча, ша кхийтира боху цо, шен легашна цIе ца йоккху цамгар кхетта хиларх.

Онкологин диспансерехь Iуьллуш хIора денна вуно дукха адам го шена лоьрашна тIе рогIехь лаьтташ, дуьйцу цо. Онкологин цамгарш йолу нах вуно дукха бу республикехь аьлла хета цунна. Иза ца теша статистико далочу терахьех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG