ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицехь воцчунна дихкина ницкъахочун барзакъ лелор


Ницкъаллийн структурашкарчу белхахойн духар лелочу нахаца профилактикан болх дIабаьхьна Гуьмса кIоштарчу полисхоша. ТIаьххьарчу хенахь даьржина могIарерчу наха арахь полисхойн духар лелош меттигаш аьлла, дийцина кIоштан полицин хьаькамо Байсултанов Юсупа.

"Оцу нехан лелар шаьш ницкъаллийн структурашкахь болх беш долуш санна хуьлу. Дехар ду сан бахархошка, нагахь шун дахар ницкъаллийн структурашца дозуш дацахь, ма леладахьара аш тIеман барзакъ", - аьлла Байсултановс.

Гуьмса кIоштарчу некъан полисхойн куьйгалхочо Эрсабиев Турпал-Iелас дийцина, могIарерчу наха а цхьана ницкъахойн духар лелорна: хьал чIагI а делла, урамехь гулбелла дуккха а полисхой болуш санна сурт хIутту бохуш.

"Оьрсийчуьрчу уггар а маьршачу, паргIатчу регионехь дехаш ду вай. Ткъа къаьсттина республике оьхучу хьешийн а, туристийн а бIаьргаша схьалоцу ишта сурт, церан шеконаш кхоллало тIаккха", - аьлла Эрсабиевс.

Ишта хьаькамаша билгалдаьккхина, дукха хьолахь ярташкахь бахархоша чохь а, арахь а мух-муха а белхаш беш юху камуфляж, ткъа цо а талхайо полисхойн имидж аьлла.

Маршо Радион ладогIархоша кхааридийнахь Ватсапехула баийтира, тIеман барзакъ бахархошна лелор доьхкуш аудиохаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG