ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь БайсуровгIеран ши ваша вийнарг кхеле хIоттор вац


Москван малхбузенехь "авторитете бизнесхой" бойуш, хиллачу тасадаларшкахь дакъалаьцнарш кхеле ца озо сацамбина талламчаша, яздо "Росбалто". Крылатские холмы олучу меттигехь хиллачу летаршца доьзна айдина хилла гIуллакхаш дIакъевлина Оьрсийчоьнан Талламан Комитето.

Iаткъамечу совдегарша Байсуров Шарпуддис а, Халидов Мохьмада а куьйгалла а деш, 40 Нохчийчуьра вахархо гулвеллера цигахь 2017-чу шарахь. Герзаш диттина кхо стаг вийра хIетахь, шайлахь бизнесхой БайсуровгIар а цхьана.

Талламчийн версица, шайн оппоненташца юкъаметтиг къасто кхаьчнера цига Байсуров Шарпуди шен вешица Русланца уггар хьалха. Бакъо йоцуш шайца герз хиллера цаьргахь лелош. Вежарша тапча тоьхна, чевнаш йинера Халидов Мохьмадна а, цуьнан вешина Сумайдна а. Дуьхьал герзаш диттина вийнера цара БайсуровгIеран ши ваша.

Юьхьанца бехкзуламан гIуллакх диллира Талламан Комитето, ткъа листинчул тIаьхьа дIахьедира, ХалидовгIара шаьш лардархьама дуьхьал герзаш тоьхна хилла аьлла.

2012-гIа шо тIедаллалц партнераш бара Халидов Мохьмад а, Байсуров Шарпудди а. Церан интересашкахь яра цхьана хенахь кеп-кепара компанеш, банкаш, йохка-эцаран центраш. Амма тIаьхьо некъаш къаьстира цушиннан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG