ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна а, азербайджанхошна а юкъахь тийсадаларш хилла Москвахь


Москварчу "Неолит" кафе чохь герзаш детташ, летарш хилла яхначу буса."Пятый канало", и дерриг а гинчуьнца хиллачу къамелна тIе а тевжаш яздо, дуьххьара нохчочо Азербайджанерчу вахархочуьнга маьттаза бага тоьхнера, тIаьхьо цуьнан махкахоша йиттира Нохчийчуьрчу вахархочунна аьлла. Герз деттарш, летар, каналца къамел динчо бахарехь, нохчаша азербайджанхошна бина бекхам бара. 100 гергга нохчийн кегийрхой кафе а баьхкина, азербайджанхочун доларчу кафечуьрчу зударшка арадовлар а хьехна, лата буьйлабелира. Пхи стаг лазийна оцу тасадаларшкахь.

"Кавказ.Реалии " портало комментари йийхира хиллачух Москварчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххошка. БIенннашкахь нах летта бохург бакъ дац элира урхаллехь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь зорбане яьккхинчу информаци тIехь яздарехь, кIоштарчу полисхойн декъе валийна 18 стаг.

"Буьйсанна 22:40 минот яьллачу заманчохь Курьяновскан урамерчу кафечохь 20 гергга стагна юкъахь конфликт иккхинера. Муьлш бу ца хуучу наха травматикан герз диттина хилла. Цхьана стагна чевнаш йина" аьлла бу урхалло бина хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG