ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Охьакхетта велла я вийна?


Лесин Михаил а, Путин Владимир а Владивостоке хь 2002 шарахь.
Лесин Михаил а, Путин Владимир а Владивостоке хь 2002 шарахь.

Лесин валарх лаьцна документаш довзийтар тIедожийна Iамеркан федералан кхелахочо

Оьрсийчоьнан зорбанан министр хилла Лесин Михаил валар хьокъехь кехаташ довзийтар тIедожийна Вашингтон гIалан куьйгалхошна Колумбия гонан федералан кхелахочо.

2015-чу шарахь Лахьанан-баттахь иза велла карийнера Вашингтонерчу хьешан хIусамехь. Кхелахочо шен сацам бина Маршо Радио корпорацино, Iамеркан низамашна тIе а тевжина, иск ялар бахьана долуш, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Официалан версица, Лесин велла аьрта хIума кхетар бахьана долуш. Иза охьакхетта хила мега аьлла, сацам бинера говзанчаша. Амма Лесин вийна хила мега боху къамелаш совцуш дац. Цхьаболчу хаамашца, Оьрсийчоьнан хилла министр дагахь хилла Iамеркан юстицин министралле мехала информаци дIаяла.

2015-чу шарахь бинчу хаамца, Лесин валаран бахьана дуьйцуш дацара. Амма 2016-чу шарахь ГIадужу-баттахь таллам дIаберзош йовзийтинчу версехь аьлла ду, "валар хилла логана а, дегIана а, когашна а еза чевнаш хилар бахьана долуш аьлла. Цуьнца цхьаьна билгалдоккхуш ду иза тIехсов мелла хиларна, охьа а кхетта, ларамаза велла хилар.

Лесин валар хьокъехь толлуш хилла бехктакхаман гIуллакх дика девзаш волчу стагана хетарехь, Оьрсийчоьнан хилла министр ша цхьаъ ца хилла цу дийнахь Вашингтонерчу хьешан хIусамехь. Полицино цигахь даьхначу сурташна тIехь гуш ду дуккха а малар чохь хилла шишанаш а, долларийн ахчанан таппаш а, чухула дIасакхиссина дуккха а бедарш а.

Лесин Михаил Оьрсийчоьнан зорбанан гIуллакхашкахула волчу министран даржехь вара 1999-2004 шерашкахь. Цу хенахь иза жигара хаьвзира федералан телеканалаш, шайна юкъахь НТВ а йолуш, Кремлан Iуналле дерзош. Лесин вара Russia Today (Оьрсийчоь Тахана) телеканал кхоьллинарг.

Дуккха а ахча даьккхира Лесина 1990-чу шерашкахь Советан пачхьалкхехь а, Малхбалерчу Европехь а рекламан рынкехь вуно доккха дакъа дIалоцу "Видео Интернешнл" компани а кхоьллина. ТIаьхьо Video International (VI) аьлла цIе хийцина йолу и компани ийцира Кремлца воьзначу "Россия" банкан коьртачу акционеро Ковальчук Юрийс.

Лесинан Кремлца юкъаметтиш телхира 2012-чу шо чекхдолуш. 2014-чу шарахь бизнесхочунна тIе тидам бахара Iамеркан Сенатан. ФБР-о таллам болийра цо ахчанца бозбунчаллаш лелийна хила мега аьлла.

Лесинан долахь дара Лос-Анджелесехь езачу Беверли-Хиллз олучу кIоштахь ша лаьтта цIа а, ткъа иштта 40 миллион доллар мах болу яхта а. Карарчу хенахь цуьнан хIусамехь дехаш ду цуьнан бераш а, хилла хIусамнана а.

Лесин наггахь а бен ца хилара Вашингтонехь. Иза велла карийначул тIаьхьа гучуделира 2015-чу шарахь Лахьанан-баттахь иза Iамеркан коьртачу гIала веана хилар Оьрсийчохь хуьлург шен тидаме латточу Кеннанан Институтан аналитикан центро дIахьочу бизнесан суьйрене. И мероприяти дIайирзина 2 де даьлча велла карийра Лесин.

Стохка Зазадоккху-баттахь BuzzFeed зорбанан гIирсо материал зорбане яьккхира, президентана Путин Владимиран юххерчу цIе ца яьккхинчу олигархо омра а делла, Оьрсийчоьнан хилла министр йиттина вийнарш Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахой бу аьлла. Цунах лаьцна иштта дуьйцуш ду Британин къайлахчу талламан сервисан белхахо хиллачу Стил Кристофера ФБР-на кечдинчу къайлахчу рапортехь а.

BuzzFeed зорбанан гIирсан хьастанаша дийцарехь, Лесин вийначу нахана омра делла хилла, буй-тIарий а деш, иза кхераве аьлла, амма уьш "дукха тIех бевлла" шаьш лелочух.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIоггара дукха а ца хьехийра Лесинан валар. Таллам болочу юьхьана дIахьедарш дира цара, Iамеркерчу низамашлардон органаша буьззинчу барамехь шайна талламан жамIаш довзуьйтур хиларе сатуьйсуш ду шаьш бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG