ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь леттарш кеп-кепарчу меттигашкахь латтош бу


Москварчу "Неолит" кафена хьалха летта аьлла, дIалецнарш кеп-кепарчу изоляторш чу боьхкина. ТАСС агенталло бина и хаам Москварчу Юкъараллан тергамчийн комиссин секретаран Мельников Иванан информацех пайда а эцна. "Летаршна юкъахь хилла бу аьлла, дIалецнарш кеп-кепарчу изоляторш чохь бу. Де хьалха тхуна гира уьш, цаьрца къамел дар нисделира. Молханаш тIехь ву царех цхьаъ, могушаллица проблемаш ю цуьнан. Билгалдаккха лаьа, царех цхьаберш низамаш талхош дIалецна бу. Кехаташ тIехь арахецна аьлла, яздинехь а, полисхоша чохь латтош бара уьш а",- аьлла, дийцина Мельниковс.

Агенталлан хаамашца, лецначех дукхахберш Нохчийчуьра бахархой бу.
Маршо Радионо яздира, кху беттан 14-чохь Москварчу "Неолит" кафе хьалха азербайджанхой а, нохчий а летарх. Оцу конфликтехь вийна цхьа стаг. Латаршлахь хилла 20 гергга стаг дIалаьцнера полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG