ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дIахецна кIира хьалха лаьцна хилла 3 стаг


Нохчийчоь. Архивера сурт.
Нохчийчоь. Архивера сурт.

Кху беттан 11-чу дийнахь кхо стаг лаьцнера герзаца хиллачу тIеман барзакъ доьхначу наха Нохчийчохь. Царах цхьаъ Соьлж-ГIалара вахархо цIавеанера ши де хьалха.

"Кавказский узело" бинчу хаамца, Чиллан-беттан 18-чохь маьршаваьккхина цуьнца цхьаьна дIавигина волу Соьлж-ГIалин кIоштарчу Чаьнти-юьртара ши вахархо. Церан гергарчара дийцарехь, и кегийрхой дIалацаран бахьана хилла Шемахь хуьлучух лаьцна дуьйцуш телефонехула вовшашка кехаташ яздар.

"Кавказский узело" билгалдоккху и нах лецарх а, дIахецарх а лаьцна цхьа а хаам бина ца хилар меттигерчу ницкъаллин структурийн сайташкахь. Хьалхо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векал реза ца хиллера цу хькъехь комментари яла, шайгахь хаам бац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG