ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий а, гIалгIай а махкахбахар дагалаьцна Къилбаседа Кавказехь


Дагестан. Депортаци лайнарш дагалацар. Архивера сурт.
Дагестан. Депортаци лайнарш дагалацар. Архивера сурт.

Къилбаседа Кавказерчу цхьамогIа республикашкахь халахетаран мероприятеш дIаяьхьна Чиллан-беттан 23-чу дийнахь нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махкахдаьхна 75 шо кхачарна хьажийна. Нохчийчохь республикан куьйгалхочо цхьацца динца йоьзна акцеш ян бакъо еллера кху шара цу бохаме денна хьажийна. 2011-чу шарахь дуьйна къам махкахдаккхар хьехор дихкина дара республикехь.

Цуьнца цхьаьна, Нохчийчуьрчу Iедалша шуьйра даздина ерриг Оьрсийчохь лоруш долу "Даймохк ларбархочуьнан де" олу дезаде.

ГIалгIайчохь Несарарчу депортацина хьажийначу Мемориалана хьалха халахетаран митингвовшахтоьхнера Iедалша, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Дагестанехь нохчий а, гIалгIай а бохийна Сибрех а, Юккъерчу Азе а бахийтина де дагалецира, Новолакан кIоштарчу Ярыксу-Аух эвлан гергахь хIоттийначу хIолламна уллехь митинг а йина. Иза вовшахтоьхнера меттигерчу "Нохчийн юкъараллан кхеташо" вовшахтохаралло. "Нохчийчоь тахана" агенталло бинчу хаамца, депортацехь кхелхинарш дагалаца цигехь цхьаьнакхеттера луларчу ярташкара а, ткъа иштта Нохчийчуьра а бахархой.

Нохчий а, гIалгIай а махкахбаьхна 75 шо кхочуш леррина вистхилар арахецна Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида а, "харцонан баланах чекхбевлларш дагалоцуш". "Депортацера цIа ца баьхинчеран сирла эс ду вайца", - яздина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Instagram-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG