ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла болам – "Европерчу Нохчийн Ассоциаци"


Шен дуьххьара гулам дIабаьхьира Европерчу Нохчийн Ассамблеяно Чиллан-беттан 23-чохь Францерчу Страсбургехь. Бохаман денца хьалхара гулам а бузуш, юкъархоша дагалецира 1944-чу шарахь къам махкахдаккхар а, Азехь цо баланаш лар а. Австрера, Германера, Францера, Британера, Белгера, Скандинавин мехкашкара, кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчу жигархоша резахиларца тIеийцира лингвиста, историка, Францерчу "Барт, Маршо" ассоциацин куьйгалхочо Сулейманов Жамболата Европерчу нохчийн диаспорашна юкъа тIай туьллуш, керла юкъаралла кхолла къадийна лаам.

XS
SM
MD
LG