ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши зуда а, бер а цIарх кIелхьардаьккхина Соьлж-ГIалахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Соьлж-ГIалахь Ленинан кIоштарчу цIеяйархоша кIелхьаръяьккхина ши зуда а бер а, цIе яьллачу пхоьазза тIекIелдинчу цIенна чуьра.

Орцахбевлларш дIакхачале дукхахаболу бахархой арабевлла хилла цу чуьра. Амма 5 тIегIантIехь йолчу петарехь цхьаъ хила мега аьлла, хаам бина хилла цIеяйархошка.

Цхьана петарчуьрчу доьзална дукха тIаьхьа хиина хилла цIе яларх лаьцна. Царна – шина зудчунна а, берана а- гIо дина цIеяйархоша кхераме меттиг йита. Болчу хаамца, вагийна а я могушалла кхечу кепара галъялла а стаг вац и хилам бахьана долуш.

15 еакIовн метр барам болчу меттигена яьлла цIе дIаяйина цIеяйархоша, хаам бо "Нохчийчоь тахана" сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG