ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

62 долу курхалча лаьцна Нохчийчохь


Вуьйцург ву Кушлойн-кIоштарчу Гелдаганара 62 шо долу вахархо. Иза бехке веш ву шех тешна нах Iехош рицкъ гулдарна.

Полисхоша бинчу талламца, стохка Лахьанан-баттахь Хьалха-МартантIера вахархо Iехийна цуьнан «Мерседес Бенц» шен долаяьккхина хилла курхалчо. Базарахь лучул а алсам мах бала кийча ву ша аьлла, иза дан дагахь а воцуш, ахча лург дIайигина хилла цо машен.

Гучудаьлларг ду цу тайпа цу стага курхалла лелийна хилла хилар 11-зза. Дерриг а цо гулдинарг ду 10 сов миллион сом.

Лаьцначул тIаьхьа курхалчо дийцина, цу кепара ша лечкъийна машенаш кхечу нахана юхкуш хилла хиларх лаьцна. И зуламаш дарна, 1 миллион сом гIуда а токхуш, чуволла мегаш ву и стаг, 10 шо хан а тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG