Оьрсийчохь цхьайоьлчу гIаланашка лелачу кеманийн билеташ дазделла кхоалгIачу декъанна, хаам бо "Коммерсант" газето, авиабилеташ духкучу сервисашна тIе а тевжаш.
Biletix-то бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан кеманийн чоьхьарчу рейсийн мехаш хьалабевлла 17%, ткъа махкал арахьарчу - 23%.
Уггаре чIогIа дазделла Москвара Симферополе лелачу кеманан билеташ - 78%. ХIинца билетан мах бу 7 эзар гергга сом.
Дуьненаюкъара рейсашна юкъахь 83% дазделла Москвара Барселоне вахар. ХIинца цхьана билетан мах бу 22 эзар гергга сом.
OneTwoTrip сервисо хаам бо чоьхьарчу рейсийн билеташ 33%, ткъа дуьненаюкъарчу рейсийн билеташ 18% дазделла хилар.