ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мюнхенехь хан тоьхна Киселёвн вешин кIантана


Киселев Дмитрий.
Киселев Дмитрий.

Оьрсийчуьрчу телевизионан пропагандан программаш дIахьочу Киселев Дмитрийн вешин кIант Киселев Сергей чувоьллина Германехь, Украинерчу тIеман конфликтехь дакъалаца дагахь хилла аьлла. Мюнхенерчу кхело 2 шо 3 бут набахтехь яккха хан кхайкхийна цунна еарин дийнахь.

Цунах лаьцна кхел йоьдучу чуьра хаам бина RTVi телеканало. Ша Кисилев къера хилла ша Украинехь хан яккхарна, амма цо чIагIдарехь цхьа а стаг ца вийна цо.

Талламхойн версица, Киселев дагахь хилла Донбассерчу Украинин территорин дакъа Оьрсийчоьнах дIатохар Iалашонца дIахьочу тIеман конфликтехь дакъалаца. Цо тIамехь дакъалацар толлуш дацара суьдо.

Iедалан цIарх бехкбуьллучу агIоно бехке лерина Кисилев Германин къоман кхерамазаллина кхерам болу зулам кечдарна а, ткъа иштта герзана Iуналла дарца доьзна низам дохорна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG