ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къовсаме меттиг карийна Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанца


Дийцаредеш ду Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза.
Дийцаредеш ду Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза.

Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъахь доза билгалдоккхуш къовсаме меттиг карийна Дагестанерчу комиссина. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узело".

Дазанехь хиллачу цу комиссин декъашхочо бинчу хаамца, меттигерчу Нохчийчуьрчу бахархоша а дозанца гIиршо йинчу совдегаро а къийсам бу дIахьош. Юьйцург ю Дагестанерчу Яман-Су эвларчу вахархочо нисса ах нохчийн территорина тIехь йина гIишло.

Кхаарин дийнахь доза билагалдаккха кхоьллинчу Дагестанан комиссин декъашхой хилира Бабаюртан а, Хасавюртан а, Новолакан а кIошташкахь, цигарчу бахархошца доза кIасторца доьзна хаттарш дийцаре деш.

Нохчийчоьнан комисси картин шен вариант а кечйина Iаш ю, Дагестанерчу комиссино шен болх дIаберза баллалц, хаам бина Нохчийчоьнан Iедалан векало, яздо "Кавказский узело".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG