ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макка, хьо еза нохчийн халкъан 99,9 процентана – Умаров


 Министр Умаров Джамболат.
Министр Умаров Джамболат.

Чиллан-беттан 28-чохь Telegram-рчу цхьана нохчийн каналехь араяьлла, шегара къамелехь гIалат а долуьйтуш, йиш лакхархочо Межиева Маккас дакъалоцу видео. Каналан авторша забар йина цуьнан "дешна" хиларна тIехула. Иза бахьана долуш, Межиевана тIехIоьттина республикан къаьмнийн политикехула министр волу Умаров Джамболат, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

"Макка, хьо еза нохчийн халкъан 99,9 процентана. Йисинчу 0,1 процентана юкъахь болу дIакъаьстинарш хьо дeшна йоцуш санна гайта гIерташ бу… Хьо тхуна еза, оха ларйийр ю хьо", - дIахьедар дина Умаровс, хаам бо агенталло.

ДIабаханчу Чиллан-баттахь Межиеваc социалан машанашкахула видео яржийра, йиш лакхархочуьнан болх бита йоллу ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG