ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедовс баркалла аьлла Кадыровна


Инстаграмерчу шен аккаунтехь баркалла аьлла латархочо Нурмагомедов Хьабиба Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, Дагестанерчу Тисси-Ахитли эвлахь хIусамаш яьгначарна ахчанца гIо кхачорна. Дуьххьара дац аьлла, чемпионо, Кадыровс Дагестанна гIо деш. "Дала вахавойла хьо, массо а хIуман тIехь аьтто а беш", яздина Кадыровга Нурмагомедовс.

Шина къомана юкъахь вежараллин юкъаметтигаш чIагIъярхьама хIораммо а мехала гIуллакхаш лело деза аьлла латархочо.

Беттан 1-чу дийнахь суьйранца хаам хилира, Дагестанерчу Тисси-Ахитлехь 11 цIа даьгна аьлла. 64 стаг хиллера цу хIусамашкахь вехаш. Велла, лазийна стаг вацара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG