ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь Iожалхой и лилхина, 16 стаг вийна


Нангархар провинцерчу Джелалабадан аэропортна гергарчу гIишлошъяран организацина тIемалоша динчу тIелатарехь мел лахара а вийна 16 стаг, хаамбо меттигерчу Iедалхоша. Провинцин губернаторан пресс-секретаро Хогьяни Атауллас дийцарехь, ши Iожалхо иккхинчул тIаьхьа гIишлоъяран компанин дозан тIе масех тIемало хьаьддера.

Ишта пресс-секретаро бахарехь, полисхошна а, гIаттамхошна а юкъахь герзашца тасадаларш хилла эккхийтар хиллачул а тIаьхьа. Вийна 16 стаг, чевнаш йина 10-нна. Царех дукхахберш гIишлошъяран компанин белхахой хилла. ТIелатар дина кхоъ вийна.

Цкъачунна динчу зуламах жоьпалла цхьаммо а тIелаьцна дац, Хогьянис дийцарехь. Делахь а, ОвхIанистанан малхбалехь а, къаьсттина Нангархарехь а жигараллийца хьийза "Талибан" болам а, "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG