ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь лачкъийна кIант карийна


Ибрагимов Хьадис
Ибрагимов Хьадис

Еаридийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь волу векал Сабсаби Зияд цхьаьна а волуш, Соьлжа-ГIала кема догIуш ду Иракъера Ибрагимов Хьадис цIа валош. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дехар динера кIентан нанас, Дагестанерчу яхархочо Ибрагимова Нурьяна. Гергарчу Малхбалехь бевзаш боцчу наха шен кIант лачкъийна вигина, иза цIа верзош шена гIо дахьара аьлла.

"Хьадис карийна, кеста шен ненах дIакхетар ву иза", - аьлла, хаамбина Кадыровс "ВКонтактерчу" шен агIон тIехь. Цо яздарца, тIаьххьарчу шерашкахь "жоьжахатех" чекхваьлла жима кIант. Цкъа Туркойчохь хилла иза, тIаккха Иракъехь а, Шемахь а.

Error rendering VK.

Масех шо хьалха шен ненаца цхьаьна Шема дIавигина хиллера Хьадис. Цигара кхозза шен кIантаца яда гIоьртина хиллера Нурьяна, цул тIаьхьа шарIан кхело оцу пачхьалкхера араяьккхира иза, кIант схьа а воккхуш. ХIетахь дуьйна шен бер лоьхуш дара цо, Obzor.io хьостан информацица.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG