ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хийрачу корашках серлонаш"


"Хийрачу корашках серлонаш"
please wait
Embed

No media source currently available

0:00 0:01:41 0:00

Венерчу Биргит Лауда Фондейшн цIе йолчу исбаьхьаллин галереяхь дIаяхьира нохчийн журналистан, яздархочун Курбанова Майнатин кхоллараллин суьйре. «Хийрачу корашкахь серлонаш» яьлла цIе яра цу цхьаьнакхетараллин. Масех кIира хьалха араяьллачу Курбановин йозанаш а, немцойн цIеяхханчу исбаьхьалхочун Рупрехт фон Кауфманнин сарташ тIехь долчу киншки тIера кийсикаш йийшира авторо. Суьйре дIахьош хиллачу евзаш йолчу австрихойн юкъараллин жигархочо, доктор Эдит Шлафферс дийцира гулбеллачарна Курбанова Майнатин дахарх а, кхоллараллах а, цо нохчийн диаспорехь бечу белхех а. Ша яздархочо цхьаьнакхетаран шозлагIчу декъехь жоьпаш делира гулбеллачеран хаттаршна. ТIом балале муха дахар дара Нохчийчохь? ТIом болчу хенахь могIарера адамаш муха хене дуьйлура? Цхьа а гIирсаш а, хьелаш а доцучу хенахь тIама юккъехула журналистан болх муха балора? Мича сатийсамашца беха Австрера нохчий? Уьш а, иштта кхин дIа а дара кхоллараллин суьйрене гулбеллачарна Курбановига луш хилла хаттарш.

XS
SM
MD
LG