ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш лелийна нохчо кхеле хIоттийна Карелехь


Карелехь наркотикаш юхкуш хилла аьлла, кхеле хIоттийна Нохчийчуьра вахархо. Кондопогерчу кхеле кхаьчна цуьнан хьокъехь резонансе бехкзуламан гIуллакх. 22 шо долу гIишлошъярхо бехкево боккхачу барамехь героин лелорна. Йолчу информацица, паспорт тIехь иза Нохчийчохь вехаш ву аьлла, яздина ду. Ткъа низамашка диллича, Кондопогехь вехаш ву аьлла, цхьана ханна йина я регистраци а яц жимчу стеган.

Ша бехкехиларх мукIарло а дина цо. Бехк тIечIагIбинчул тIаьхьа 20 шо гергга хан кхачайо лаьцначунна.

Дахначу шеран гурахь дуьйна ву иза Кондопогехь вехаш. Прокуратурано материалаш бехк тIе а чIагIбина яхьийтина цахиларна, кхело прокуратуре юхахьажийна документаш, кхачо йоллуш талламбар а хьехна.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG