Великобританин МИ-5 иччархойн урхалло шайн пачхьалкхе вар дихкина Масхадов Асланан хиллачу хадархочунна Сугаипов Iумарна. Иза бехкево, Европехь масех стаг верна. The Times хьостано бо и хаам, стохка аьхка, Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а дIавш делла 5 бутт баьллачул тIаьхьа цо и зуламаш дина хилар билгал а доккхуш.
Оцу хиламийн уьйраш хиларх дуьйцуш дац хьостано. Шайн пачхьалкхна кхерам бу цуьнгара аьлла, дихкина Сугаиповна Великобритани ван.
Нохчийчохь премьер-министр лаьттина Закаев Ахьмад вен Iалашо хилла Сугаиповн аьлла, информаци кхаьчна МИ-5 урхалле.
Цул совнах, иза бехкево, Кадыров Рамзанан хилла хадархо Исраилов Iумар верна а, яздо газетано.
Билгалдоккху ишта хьостано, Сугаипов Iумаран 6 бер а, зуда а Британин бахархой хилар а, Лондонан къилбехьа уьш бехаш хилар а.
Карладоккху, 2014-чу шарахь "Магнитскийн тептаре" ваьккхира Сугаипов Iумар.