Нохчийчоьнан Солжа-гIалахь сэлфи ечу хенахь 9-чу гIат тIера чуйоьжна, 17 шо долу йоI елла аьлла, хаам баьржина социалан машанашкахь. Информацина тоьшалла дина регионерчу "Чечня Сегодня" хаамийн агенталло а.
Микрорайонерчу Тухачевскийн урамехь 9-зза тIекIалдинчу цIийнан гIат тIерачу балкон тIехь шен селфи ечу заманчохь, чуйоьжна и йоI. Лоьрийн иза кIелхьараяккха аьтто ца хилла, болчу хаамашца, оцу сохьта кхелхина иза.
Стохка Гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан прокуратуро хаамбира, Соьлжа-ГIаларчу тоннель буьххьехь шен мобилан телефонца селфи ян гIоьртинчу 13 шо долчу йоьIан, чу а йоьжна, букъдаьIахк кагйелла аьлла.
Ишта лурчаха 15 шо долу кIант велира Соьлжа-ГIалахь, селфи ян дагахь бетонах йинчу корта тIера охьа а кхетта.