ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Колонехь даккха 18 шо хан тоьхна Хашагульгов Якъубана


ГIалгIайчуьрчу вахархочун Хашагульгов Якъубана хан тоха сацам бина Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан суьдо. Иза бехке вина ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а лаккхарчу кхелан суьдхой а, ницкъаллин структурийн белхахой а байа гIортарна. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо".

Суьдхочо бинчу хаамца, 18 шо луьрчу хьолехь колонехь даккха хан тоьхна Хашагульговна. Шен агIор цуьнан адвокато Барбар Натальяс дIахьедар дина, шаьш латкъам бийр бу Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан суьдо бинчу сацамна аьлла.

Хашагульгов лаьцнера Iедалша 2013-чу шарахь Чиллан-беттан 8-чу дийнахь Яндарехь. Цунна бехке дуьллуш дара "Вилайат ГIалгIайчоь" шех олучу тIемалойн тобанан декъашхо хилар а, маситта тIерроран тIелатар дарна а, шайна юкъахь Буру-гIалахь 2010-чу шарахь Гезгмашин-баттахь коьртачу базарахь дина эккхийтар а долуш.

2015-чу шарахь Оханан-беттан 6-чохь хиллачу кхелехь бехккъасторхоша бехказваьккхира Хашагульгов. Иза дIахийцира кхел йоьдучуьра. Амма кхин а 2 де далча иза юха а лецира курхалла лелийна хиларан шеко ю аьлла. Прокуратуран аьтто белира хьалхалера бехктакхаман гIуллакх юха а листийта. ЛадогIарш дуьйладелира Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан суьдехь стохка Оханан-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG